ТIекхочийла долу линкаш

Сулейманов Ахьмад. Хьо марша Iойла


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, гуьре, 2015

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, гуьре, 2015

Сулейманов Ахьмад

Хьо марша Iойла

Диц ма де: хьо хир ю
Сан деган эла.
Со воьду валлалца
Хьо йоцчохь лела.
Хьайн делахь,
Дог хьостуш,
ТIаьххьара дош ала,
Вай вовшийн кхин гур дац,
Хьо марша Iойла.

Бешара мох тийна,
Декаш ду хьоза.
Хастам беш йиллинчу
Хена хьо ярна,
Стиглара седарчий
Нур Iенош, кхозу.
Вайшинна айкх довлахь,
Эхь деца царна.

Буьйсанна серло лун
Беттаса санна,
Хьо яр-кха сан серло
Ерриг а ханна.
Сан деган беттаса
Ца кхета дуьзнехь,
Сан гIийла дог-ойла
Хуур-техь хьанна?

Дешица хи доккхуш
Говзачу пхьеро
Дети тIехь диллина
Беттан сурт санна,
Сан даг тIехь язйина
Хьоме цIе хир ю
Дуьненчохь ас яккха
Йисинчу ханна.

Диц ма де: хьо хир ю
Сан деган эла.
Воьду со, валлалца
Хьо йоцчохь лела.
Хьайн делахь, дог хьостуш,
ТIаьххьара дош ала,
Вай вовшийн кхин гур дац,
Хьо марша Iойла...

Сулейманов Ахьмад вина 1922 шеран стигалкъекъачу-беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Марта районан Олхазар-кIотарахь. Ишкол яьккхина ваьлча Ахьмадас серлонан наркоматан инструктор а, комсомолан райкоман секретарь а болх бо. Сибрехара цIа дирзинчул тIаьхьа цуо чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Цул тIаьхьа Ахьмада дуккха а шерашкахь хьехархочун а, директоран а болх бо Хьалха-МартантIера а, Олхазар-кIотара а ишколашкахь. Цул совнаха, Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан литконсультантан декхар кхочуш а до цуо. Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу шерийн чаккхенехь болийра. «Безаммий, шаьлтий» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1967-чу шарахь. ХIетахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан цIе. «Цхьа-ши дош» книга язъярна Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан совгIатан лауреат а хилира Сулейманов Ахьмадах. Ахьмадан дуккха а байташ иллешка, эшаршка йирзина, халкъана шуьйра евзаш а, езаш а ю. Кхин цхьаъ билгалдаккха деза: вайнахана йицъелла Нохч-ГIалгIайн чохь лелла вайнехан топонимаш меттахIоттийра цо. Кхалхар нисделира цуьнан 1995-чу шеран мангал-беттан 20-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG