ТIекхочийла долу линкаш

Сулаев Мохьмад. Ялахьа орцах


Нохчийчоь --Устрада гIала, 2016

Нохчийчоь --Устрада гIала, 2016

Сулаев Мохьмад

Ялахьа орцах...

Бузучу малхаца дарин бос эцна,
Малхбузе йогийца, стиглах цIе яьлла,
Оьздачу безамца даг чу нур хецна,
Хьан амат догийца - малхах схьадаьлла!

Маьлхан хIоз чукерчи, буьйса тIейоьхуш, -
Дуьненна тIехаьрци стигланан бога...
Эзарне седаршка гIо эрна доьхуш,
Дог, хьоьга сатуьйсуш, цIе яьлла, догу.

Кхоьллина хилла со цу цIергахь вала,
Хьан амат сайн даг чохь, сайн сих суо валлалц.
Ткъа тарлац цу цIарах со хьалхавала,
Сан дегIан мерза цIе хьан дегIах яллалц.

Мичча со водахь а, хьо лоьху бIаьрца,
Хьох терниг яйча а, дагна там кхочуш,
Ларамза соьцу со хьо евзачаьрца,
Хьо цара хьахоре къайлах догдохуш.

Лоьхуш, со дIасахьежарх, гIо дан стаг воцуш,
Безаман цIаро со меллаша морцу..
И цIе ю хьоьга бен яйалур йоцуш -
Сихлохьа, ницкъ кхочург, ялахьа орцах!

Гоьваьлла нохчийн яздархо а, байтанча а Сулаев Мохьмад (1920 - 1992) вина 1920-чу шеран гезгмашин-беттан 20-чу дийнахь ГIойтIахь. 1941-чу шарахь Мохьмада чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. Лоьралла а, яздархочун болх а цхьаьна дIакхийхьира цо. М.Сулаевс дуьххьарлера шен байташ язйира 1935-чу шарахь. Кхоллараллин хьалхара мур чекхболу 1943-чу шарахь «Малх тоьлур бу» поэма язъярца. 1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу стихийн гулар араяларца дIаболало поэтан кхоллараллин керла мур. ХIетахь дуьйна цо арахоьцу поэзин, прозин дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара дIавоьду», «Дагчуьра суйнаш», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла суьйре»… Поэтан кхалхар хилла 1992-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG