ТIекхочийла долу линкаш

Ишколех гIудадоккху хьукматаш хилла


Нохчийчоь --коммуналан декхарш дIадала рогIехь лаьтта бахархой, 2015.

Нохчийчоь --коммуналан декхарш дIадала рогIехь лаьтта бахархой, 2015.

Нохчийчохь диллина, нехан хIусамашкахула а лелаш, тоькан, газан мах, коммуналан ял гулъеш лела белхахой. Декхарш тIехь долучу хIусамашкара хи, газ, ток дIахедайо Iедалхоша. Ткха хIун бахьанаш ду ял дIацаяларан?

Кху муьрехь вуно жигара хьийзаш ду Iедал бахархошка токана, хина, газана ахчанаш охьадохкуьйтуш. Кхечу кIошташкахь аьттехьа а дац кхузахь долу сурт: Iедална декхарийла цахилар хьокъехь испаравка олу тоьшалла ца дехьча, балха тIехь алапаш схьа ца лучу зиле кхаьчна гIуллакх.

ХIуъу а дина бахархошка токхамаш байта гIерташ масса хьийза Iедалхой а, церан хьадалчаш а тергаллуш цу гIуллакхна бала ца кхочучунна мотта тарло, шайгахь ахчанаш доллушехь,хIуьттаренна и ца луш Iаш бу нах.

Иза аьттехьа а дац. Таро ян а йолуш, Iедална йогIу ял дIа ца луш Iаш берш, банне бац ала хаац, белахь а дукха бац. Амма Iедалан балхахь мел болчарна а, боцчарна а, коммуналан олу ахчанаш охьадахкийта, беш болчу тIеIаткъаман дозанаш, бутт батте мосазза болу а шордеш схьабогIу кхузахь маьхькIамхой.

И тIеIаткъам марсабаккха некъаш царна карадо а. Цунна тоьшалла кху деношкахь ишколашкахь тIетаьIIина дIахьуш болу дай-нанойн гуламаш. Церан Iалашо изза ю ягочу ток-газана йогIу ял охьайиллар. Шайн бераш доьшучу Новр кIоштерчу Ищерин юьрта ишколехь хилла соьца къамел деш йолу Айсет а. Цо дуьйцу шена гинчух а, хезначух а.

Айсет: « ХIара бераш къар а ца делла со яхнера цу гуламе. Суна а, кхечарна а моьттура дешарх дийца бохку. Иза хьаха а ца дира. Дуьйцург коммуналан ахчанаш охьадахкар дара. Таро яц бохуш леткъамаш бийраш дукха бара. Цхьаберш кхоьруш а бара, шайн берашна лахара оценкаш яхкарна, нагахь ял дIа ца лахь. Шен хенна ахча дIа ца лахь газ а,ток а дIахьадор ю бохуш кхерам а тесира. ХIун хир ду-м хаац, карзаха чIогIа бевлла хIорш».

Соьца къамел динчу Айсета билгал ма даккхара ишколерчу хьехархойх а нахера ахча схьадоккхуш, цхьа шатайпанчу некъ-гIирсах санна пайдаэца гIертачух тера ду урхаллехь берш.

Юьхьарлаьцнарг кхиамца я кхиамза муха доьрзур ду ала хала ду. Мухха делахь а еккъа цхьана ишколашкахь хилла ца Iаш цу кеппара болх дIабеш бу кхечу доьшийлашкахь а, Iедалан куьйга мел йолчу - могушаллин, къинхьегаман, социалан хьелаш листаран а, спортан – массо министараллашкахь а, церан куьг кхочийлашкахь а.

Ала дашна, къанойн, берийн цIийнаш-центарш, кхийолу социалан дезарш луьсту хьукхматаш куьйга кIел йолчу министараллехь барта арадаьккхина омра хилла, кху ГIуран беттан 3-чу дийнахь, газана, токана ахча охьадиллаза волу гIуллакхъхо балха тIе ма вита аьлла.

И луьра сацам бахьнехь, кхечаьргара лург ахчанаш а дохуш, белхоша токхамаш бина масалш кIезиг дац. Адам вуно чIогIа холча а хIиттош, кеп-кепара тIеIаткъам бар, низамо магош ду техьа, дац техьа боху хаттар хIоттийнарг а «кхузарчу» барам-бустамца вуьстича – иза лартIа воцу дуьхьалонча ву.

Варзапний, нуьжаний юкъанисделлачух тера, токана, газана ахчанаш охьа ца дехкича Оьрсийчоьнан пачхьалкх, энгали пхьегIанах тера йоьхна, атаелла дIаяла герга яхначуха хьийзош бу Iедалан балхахь берш а, боцурш а, таро ерш а, гIийла лол бетташ хене буьйлурш а.

Цу тIаьххьарчех ву юьззина цIе а йоккхуш ша мичара ву дуьйцийла ца лиъна 59 шо долу Хьасан а. ВорхI доьзалхо а волуш ши кIант а, заьIапхо йоккха йоI а ю шен. Бан болх а бац. Хилча и ши кIант мукъа а ца Iа. Цу шимма катоьхна даккхинарггий, цу йоIана догIу пенси бен тIедогIуш хIума а дац, кху балхана хIун дан деза хууш вац ша бохуш вара Хьасан.

Шен таро цахилар гуш лаьтташехь, газ-токана ахча схьало бохуш, денна схьахIуьттучу Iедалхоша а хьийзаво лаг лаьцна»,- дуьйцура гIаддайна Хьасана.

Хьасан: «Ягочу газана 120 эзар сов охьадилла дезаш ву со. Токана-м 3-4 эзар сом бен дац. Иза муха мичара дала деза-м ца хаьа суна. Сол пекъарш а бу дукха. Муха ца хуьлу махкахь 85% сов болх-некъ боцуш волавелла лелаш хилча. Тхо санначарна гIо дан Iедалан некъ бу-бац ца хаьа сунна, хилча а къутIа а дина лачкъийна латтош хир бу.

Ас стена бах аьлча, сунна хууш цIийнда а вела цхьа декъаз лол бетташ зуда тхан эвлахь. Масех бутт бу цуьнан газ дIахадийна. Бакълена а тароне хьаьжжа а доцуш хьийза-м бо кхара нах. Жимма таро елира, дависарг, со цхьаъ бен ца висарх, валлай бара хIара доьзал ас лаххьийна Европе дIабохуьйтур. ХIара тхан республика тIаьххьар а къам а доцуш яссаяла мегаш ю-кх».

Ток, газана, хина Iедална охьадилла догIучу ахчанах а, шен а, нехан а йоцчу таронех дийцина Хьасан хеттаре вуьйлура, дан хIумма а доцчу бахархошна гIо деш, озабезам беш Iедалан цхьа некъ бан а бац - те бохуш.

«Хала дела балица, нахала ца довллал, чохь напха латтало тхойга,тхол гIаддайнарш а ма бу. Цара хIун дан деза?-хоьттура Хьасана.

КIеззига а ницкъ белхьара бохура цо,цхьаъ буха ца вуьтуш,хIара бала ца хьегийта берриге доьзал Европе дIахьажор бара ша.

Дерг аьлча, мел хала хеташ делахь а, и саннарш кхузахь чот йоцуш дукха бу.

XS
SM
MD
LG