ТIекхочийла долу линкаш

ГIажаройн дино ца магадо зударшка Iедало белхаш балар


ГIажаройн динан хьалхачех волчу аятоллас Табатабаи-Неджад Юсеф Сейед бекхбиллина шайн президентан РохIани Хьасанан Iедална, цо махкахь зударий даржашкахь болхбан тIекIабарна.

“Стенна магадо зударшка белхаш бала, махкахь алссам божарий болх лоьхуш а лелаш, аьлла ду аятоллас пIераскана Исфаханехь маьждигехь даIват деш Iедална хьалха хIоттийна хаттар.

Исламан пачхьалкхехь зударшна тIекарло латтон еза, болх байта ца беза, аьлла Табатабаи-Неджада зорбанехь шен даIватан маьIна деш. Цунна хетарехь, зударий балха леларо алсамдаьхна махкахь бухучу доьзалийн терахьаш. Аятоллас дехка деза аьлла зударшна министраллашкахь, лакхарчу хьукматашкахь, йохк-эцарехь белхаш бан.

XS
SM
MD
LG