ТIекхочийла долу линкаш

Iедална ял дIа ца лучаьргара машенаш лелон бакъо дIаяха магаде низам


Ял, кхидолу декхарш пачхьалкхана дIа цадаларна нахера машенаш лелон бакъонаш дIаяха йолаяхь, махкахь коррупци совъер ю бохуш аьрзнаш до Нохчийчоьнан бахархоша. Амма оцу хьокъехь низаман проект ю йийцарееш Пачхьалкхан Думехь.

Ткъа некъан полицино къобалдо кечдешдолу низам. “Иза тIеэцахь, гIуданаш, ял Iедална охьаяхкар жигара дер ду, - иштта бу низамхойн хьажам. ТIедогIучу шеран юххьехь юкъадала тарло Iедална ял дIа ца лучу нахера машенаш лелон бакъо дIаяха магаде низам.

XS
SM
MD
LG