ТIекхочийла долу линкаш

Сладких Алексей ваша ву, «приморьера партизанаш» олучу тобанна юккъерачу цхьанни. Шен ваша, вийначулла тIаьхь, боккха ницкъ лайна ша боху цо. Полици дIа а вигина, шена йиттина, къизалша лелийна хиларх, хаамаш бина цо, ша Францийн пачхьалкхе кхаьчча. Цуьнан гIуллакх, толлура долуш ду кху баттахь.

Ала догIу, меттигерачу бакъонашларъярхойн цхьанатохараллашна, и гIуллакх дIадахьа ца лиънера, и жима стаг, Нохчийчохь эскарехь хиллийла къаьстича. Иза, могIарера салтий хилла, тоьлла лоручу коьрта талламан урхаллера, оьрсийн маттахь «ГРУ» олучу.

Амма, цунна ца моьттучу агIорара гIо кхаьчна, нохчийн бакъонашларъярхочуьнгара Гисаев Ахьмадера. Цо и гIуллакх талла а теллина, цуьнгхьа кехат язйина Францерачу Iедалшка. I8 шо долу жима стаг, эскаре кхайкхича, цига вахар, цуьнан бехк бац, аьлла дийцира цо Маршо радиога.

Гисаев Ахьмад, ша а ву и Сладких Алексей Нохчийчохь эскарехь волчу хенахь, и санна болчу эскархоша бехк-бахьан а доцуш, дIалаьцна Ханкалахь латтийна. Къизалша а, ша дерриг лайна ву иза, амма, и санна болу къона, могIарера салтий къинхетаме бара, аьлла дийцира цо.

Оцу Сладких Алексейн, политикан тховкIело Францерачу Iедалшна яла ца лаар бахьан- иза Нохчийчохь тIамехь хилла аьлла къастар ду. Амма, кху меттехь церан шалхенаш го шена аьлла, билгалдаьккхира бакъонашларъярхочо Гисаев Ахьмада.

Шеца, Сладких Алексейца а зIене елира Маршо радио. Иза тахана, Францехь хьоьжуш ву кхеле. ТIаккха къаьстара бу цуьнан кхоллам. Цо, вистхуьлуш бакъдира, ша ГРУ олучу тобанехь хилла хилар. Ша цигахь дакъалаьцначу операцех иштта элира цо.

Сладких: «ХIаъ, со хилла эскарехь, оцу ГРУ олучу тобанехь. Ша массарех а ала мегар дац вуониг. Со могIарера салтий вара. КъилбаСеда Кавказехь вара со, Ханкалахь. Оха лоьхура тIемалой. Талламан а, лехаран а болх бара оха дIахьош берг. Цхьаъ лаьцча, оха беракема а кхойкхий, иза пилоте дIа а лой, цуо дIавуьгура. Цул тIаьхь, царах цуьнах хIун хилла а ца хаа тхуна. Тхоьга ца олура иза».

Шена, гIо нохчийн бакъонашларъярхочуьнгара кхачарх а воккхаве Сладких Алексей.

Сладких: "Ас дика тIеийцира иза. Ас нохчийн къам лоруш ду. Со цига сайн лаамца вахана вацара, нохчийн ца безаш а вацара. Со цига, машар хIотто вахнера".

Кху баттахь, хин йолчу кхелехь, къаьстар ду, лура юй Францерачу Iедало Сладких Алексейн тховкIело, я лура яц. Мухха а далахь а, нохчийн бакъонашларъярхочо, адамаллийн масал гайтина, оцу оьрсичуьнна гонахь кхолладеллачу хьолехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG