ТIекхочийла долу линкаш

Эрмалойн референдум


БIеннаш протестхой лаьттара оршоьтадийнахь Ереванехь, де хьалха хиллачу референдуман жамIашна резабоцуш.

КIирандийнахь хIоттийначу референдумехь къасталуш дара Эрмалойчоьнах, президентан республика ларалучуьра а яьлла, парламентан республика хуьлу я ца хуьлу. Мехкан харжамийн комиссино хаамбина, харжамхошна лаьа мохк парламентаризмехьа боьрзийла, конституцица хийцамаш бойла, аьлла.

Президента Саркисян Сержа къадийначу лаамна тIехь бу, боху комиссино, 63, 5 процент харжамхой. Амма оппозицино харцдо референдуман жамIаш – кхаьжнаш тесначу махкарчу харжамхойн терахь ца кхочу эханне, барам жамI доцуш бирзина, боху протестан гуламехь лаьттачара.

Эрмалойн Халкъан Конгрессан лидеро Зурабян Левона бахарехь, мехкан куьйгаллехь Iан бакъо ю Саркисянан Сержан ши шо даьлча кхачош. Саркисян, оппозицина хетарехь, мехкан статус а хийцина виса гIерта пачхьалкхан лидеран гIентахь.

XS
SM
MD
LG