ТIекхочийла долу линкаш

Тапчанаш йохкарна - набахти


Ставрополехь Ленинан кIоштан кхело бехкевина шахьарахь герз дохкарна Нохчийчоьнан кхо вахархо - Шибугаев Хадалбек, Асаев Iалихан, Сургуев Тимур. ТIеэцначу сацамо бахарехь, дахначу шеран ис баттахь оцу кхаамма Макаровн тапчанаш а, тата доцуш уьш юьйлуьйту гIирс а боьхкина Ставрополехь.

И хаам баржийна Ставрополан талламан комитето шен сайта тIехь. Оцу релизо бахарехь, бехк буьззина тIеэцна кхаамма. 2 шарера 3 шарей, беа баттей кхаччалц набахтешкахь хенаш такха кхачийна.

XS
SM
MD
LG