ТIекхочийла долу линкаш

Ахматова Раиса. ХIун хилла суна...


Нохчийн лаьмнийн хазалло ойланашка вохийту

Нохчийн лаьмнийн хазалло ойланашка вохийту


Хууш яц, хIун хилла сайна:

Ницкъ кхачац йовза хьан къайле,

Я сан дог кIадделла-техьа,

Я хьан дог шелделла-техьа?

БIаьргаш чохь гергарло кхайкхош,

Лийцира вай вовшийн куьйгаш.

Дегаза хилла-те довзар?

Я хилла хьо харц дерг дуьйцуш?

Сайн хIусам шелъелла хета,

Декхна де хетало буьйса,

Хьо ца гуш, сагатло - кхета:

Безамо даг чохь кIеж туьйсу.

Дог паргIат лелачу хьуна

Хаац со, сагатдеш, хьегар.

Хууш яц, хIун хилла сайна,

Лалац-кха хьо сайца эгIар...

Ахматова Раиса йина 1928-чу шеран гIуран-беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь. 1943-чу шарахь цо чекхъяьккхира Соьлж-ГIара хьехархойн юккъера доьшийла. 1958-чу шарахь иза деша яхара Москох СССР-н яздархойн Бартехула йолчу Лаккхарчу литературан курсашка. Уьш чекх я яьхна, цIа еанчул тIаьхьа Азматова Раиса Нохч-ГIалгIайн респубдикан синбахамаллин министран куьйгаметта хIоттийра. Иза Нохч-ГIалгIайн АССР-ан яздархойн Бертан гIентда а яра (1961-1983), ЧИАССР-н Лаккхарчу Кхеташонан гIентда яра (1963-1985). Цо язйина иттанаш книшкаш ю зорбанеяьхна. Цуьнан байташ дуккха а меттанашкахь арайийлина. Иза цхьаъ бен нохчийн зуда яц "Нохч-ГIалгIайн республикан къоман поэт". Цхьаболчу талламхошна хетарехь цуьнан кхоллараллин белхан ерриг архива (600 сов папка) Оьрсийчоьнна - Нохчийчоьнна (1994-1996) хьалхарчу тIамехь егира. 2012-чу шарахь Ахматова Раиса а, Жумалаева Лулала дуьненан зударийн анталоги юккъетоьхна нохчийн поэзин векалш санна. Шен дахаран тIаьхьарчу шерашкахь цо куьйгалла дира Совет Пачхьалкхан синбахамаллаин фондана. Ахматова Раисан дуьненан некъ хедира 1992 шеран 29 дечкен-беттан дийнахь.

XS
SM
MD
LG