ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. ХIусаман Iалашо йоцуш...


Бисултанов Апти

***

хIусаман Iалашо йоцуш
И тIулгаш тIекIела дихкинарг
ГIиртина шен цхьаллех кхета
Со иза хууш ву сайн дайша йиначу хIора а бIаьвнах
Со иза хууш ву Нохчийчохь гиначу дуьххьарчу бIаьвнан
ХIора а кора тIехь хIора а неIара тIехь
Харцахьа баьккхина го гичахьана
Ширачу сан дедас зайлаца тIулга тIехь бинаберг
Цкъа Шемахь бийцинчу шен седа-жайнанан маттахь
Ваалар а валар а вахаран гонан цхьа цIонга ду аьлла
ТIадамах кхоьллинарг тIадаме воьрзур ву аьлла
Го иза цхьалла ю цхьалла и маршо ю аьлла
Шен гонан къайленах кхеттаверг дуьненан къайленех кхетар ву аьлла
Го карчарх кхеттаверг дуьненан хазаллех кхетар ву аьлла
ХIусаман Iалашо йоцуш
И тIулгаш тIекIела дихкинарг
ГIиртина шен цхьаллех кхета
Ткъа гидо-м боху уьш ю алха цхьа декорацеш
Нагахь и бакъ делахь
Даима Моцартах цецвийлла волу
Со хIунда Iехаво кху сарахь эчиган цаьпцалго
Цкъа сайна дуьххьара евзича санна
Уггаре а хаза олхазарш
ХIораза Iуьйренан ламазан хенахь декаран къайле
Я хIунда сапаргIатдели сан
ТIебоьжна тхов хьала айбича санна
Хьала а гIаьттина дIо гIанта тIера
Цхьа адам дIадоладелча.
Доллучу дахарехь ерриг а пачхьалкхан харж йойуш
ХIоккхузахь гIургIезийн руьйта а йина
Паччахьалин гIуда текхна а ваьлла
цхьаллин го буьзначу буьйсана
борз ехкаш дуьненчу ваьлла
Нохчо со хиларна
ЛартIера ваьллачу Людвигна гIургIезаш езаран бахьанах кхетта
Вала дIавоьдуш верг со волуш санна
Мел лехарх карош ца хилла
Нохчийчу боьду некъ цIаьххьана схьагича санна
Нохчийчу боьду некъ
Ларамза хиллачу Iийданех йисина нехаш
Ларамза хиллачу марзонех йисина ченаш
Делера хиллачу Iийдане
Делера хиллачу марзоне
Цхьанхьа дIакхоьхьуче
Эзарнаш шерашкахь Шемера Кавказе кхаччалца некъ беш
КIадъелла йижначохь наб кхетта йисначу эмкалийн ковранах
Ас лаьмнаш олуче цханхьа
МостагIна юьхь-дуьхьал хIоьттича
Берриг а букъ тIехьа лаццал бен боцучу махкахь
Мачаш тIе йиллина чан а
Ялсаманен басах лепачу
Нохчийн муджахидо ког биллал йисначу меттигах
Ас Даймохк олуче цхьанхьа
Дуьненан историн цIонганехь лаьттачу
Цкъа а со шена тIехIоьттина воцучу
Сайн ненан кошана уллохь
Суна сайн цIонга схьакарадийр доллуче цхьанхьа
ХIусаман Iалашо йоцуш
И тIулгаш тIекIела дихкинарг
ГIиртина шен цхьаллех кхета

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG