ТIекхочийла долу линкаш

Бисултанов Апти

***

охунех тера ю
хьан куьйгийн берчаш

хаддаза къахьоьгучуьра
цхьана мIаьргонна уьш севцича
хьан куьйгаш тIехь ялта дер дара-кх Нана

суна гина
ахь кана эцна долу бIаьстенан доь хIу
хьан куьйгийн хершнашкахь худалуш

бIаьрхишца дашош
доIанашца дакъош
лелорна хир ду-кха хьан куьйгаш ишта

со кхоьру Нана
хьан куьйгаш тIехь Iожаллин ялта даларна

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG