ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузено яхъян тарло Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш


Нагахь санна Москох кхидIа а Украинана гIело еш хьийзахь, Малхбузено шагйийр ю ша Оьрсийчоьнна етта санкцеш, аьлла Киеве веъначу Iаьмеркан Штатийн вице-президента Байден Джос. «Агресси дIаяхлахь, охьабуьллу мах а беза хир бу Кремлна, иза цо Минскехь ша-шена тIеэцна декхарш кхочушдечу раже яллалц хир ю вайна хийра,» - аьлла Байдена.

Цо иштта бехкейира Москох дуьненах лачкъо а гIерташ, эскарш а хьовсийна, цо ГIирма долаерзорна а, Донбассехь шен эскарш латторна а, цаьрга тIемаш байтарна а. «Хетарехь, оьрсийн къам дерриг а дац Путина лелориг мел кхераме ду кхеташ, цундела баьлла цуьнан Украинехь харцо чекхъяккха», - аьлла Байдена Киевехь къамелдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG