ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьно Иракъера шайн эскарш юха дохур дац


Туркойчоьно БагIдадерчу Iедална дIахаийтина, ша Иракъан къилбаседане хьовсийна шен эскарш юхадохур доцийла, хаамбина Хонкаран арахьарчу гIуллакхийн министра Чавушоглу Мевлюта.

БагIдадо шайн эскарш арадаха елла хан чекхъяллачул тIаьхьа дина и къамел Чавушоглус шен Иракъерчу коллегица ал-Джафари ИбрахIимца. Хьалхо Иракъан премьер-министра ал-ХIадер Iабадис йира Туркойчоь шен эскарш дIадига декхаре, ца дигахь шаьш Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организаце арз дийриг хилар а хоуьйтуш.

Мосулехь ДАIИШ-на дуьхьал лаьтта шайн эскархой хийца хьажийна ницкъаш шайн юхабохийла дац, аьлла ду Чавушоглун дIахьедар.

XS
SM
MD
LG