ТIекхочийла долу линкаш

Цкаев Владимир валаран бахьанаш талла долийна


БуьрийтIерачу Ленинан кIоштан кхело 30 денна лаьцна оцу шахьара полицехь бехк-такхам толлучу декъан куьйгалхо. Цуьнан бехканна веллачух тера хета талламчашна полице бут хьалха леван валийна хилла меттигера вахархо Цкаев Владимир.

Иштта Цкаевн валарна бехке хилар толлуш лецира кхин а шиъ полицин оперативан белхахо. Талламчашна хетарехь, оцу наха шайна белхан низамо лучул а алсам бакъонаш кхачийна полице валийнарг левеш.

XS
SM
MD
LG