ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь социалан машанаш тергонехь латто дагахь ду Iедал


Russia – Ban. Seal and imprint

Russia – Ban. Seal and imprint

«Ведомости» цIе йолчу газето, гIарабаьккхина дуьххьара и хаам. Зорбане яьллачу артикал тIехь дуьйцуш ду, кестолгIа Пачхьалкхан Думехь йийцаре яьккха мега, социалан машанаш а, мессенджераш а, Iедалан Iуналле эцаран низаман проект аьлла. Иза, чIагIдарехь кечъеш ю, Роскомнадзор олучу урхаллехь, президентан администрацийн дехарца.

Дукхах йолу мессенджераш, кхечу пачхьалкхера ю, церан Оьрсийчохь векалаллаш а яц. Царна кхечу гIирсашна санна Iаткъам бар аьтто ца болу. Цундела, оцу кечдечу низаман проектехь, билгалдоккху, иштта йолчу социалан машанаш а , мессенджераш а, барт бан беза, меттигерачу мобила телефонийн компанийшца.ТIаккха, вукхеран аьтто хира бу, шайна лиъинчу хенахь, церан болх сацо а, лахбан а. Иштта, оцу низаман проектехь, тIедожора долуш ду, и гIирсаш лелош болу нах, цIарца билгалбахар а.

И хаам баьржинчулла тIаьхь, официала хьосташа дIахьедар дина, шаьш и хIума дан лерина дац аьлла. Амма, хинцаллца хиллачу масалша Iамийначу наха, иза мелхо а тIеоьцу, хира долуш хIума санна. Хаамийн гIирсаш а, дешан маршо а хьаьшанчу пачхьалкхехь, могуьйтура ма яц, шайна луург дуьйца аьтто луш йолу хIума, аьлла цхаьцца комменташ йо социалан машанашкахь а, нахана сел дукха езаеллачу мессенджершкахь а.

Нохчаша-м, кху 20 шарахь, кхин хIуманех самукъа ца даьллачу, цу тайпа гIирсашкахь дог досту. Шаьш дIа олуш а, язъеш а дацахь а, кхечара шайна хеттарг а, бакъдерг а дуьйцуш хиларо, сатедо цхьаболчеран. Цундела, WhatsApp а, Viber а, (уьш ю тахана махкахь, наха уггаре а пайда оьцурш) дIакъовлахь, новкъа догIура долуш дукха бу. Дуьйцу Соьлж-ГIалара яхархочо Индербиева Заремас.

Iедалша чIагIам балле, шайна тIе бала ца баийта, доьзалшкахь кхетош-кхиор болх дIабахьа беза аьлла хета Соьлж-ГIалара кхечу вахархочуьнна Абуезидов Адаман. Оцу хIуманна леррина терго ян езара, элира цо.

Социалан машанашкахь хила мегачу оцу хийцамашна леррина, беламе хIуманаш дуьйцу цхьаболчу пайдаэцархоша. Турцера духар а, сурсаташ а дIадаьхча, кхана лама Японениций, Цхьанатоьхначу штаташций, Германиций, Китайций дов даьккхичхьана, цхьа а интернет а, социала маша а, мерседесаш а, тойоташ а, айфонаш а, дорах мел долу сурсаташ а доцуш, ворхIе дайша лелийна йолу юцаргаш а йоьхна, Iодаца ведарш чохь хи а кхьоьхьуш Iийра бу Оьрсийчуьра бахархой.

XS
SM
MD
LG