ТIекхочийла долу линкаш

Гацаев СаьIид

Ненера кехат

Сан ма чIогIа сагатделла хьуна.
ХIун деш ву хьо? Муха веха, Iа?
Велавелла, хьо дIавахчахьана,
Летта догу кийрахь шийла Iа…

Арахь бIаьсте ша кIежтуьйсуш лаьтта,
Заза даьржа сенчу бацала.
Хьо цIахь волуш дара суна атта,
Цхьа а тайпа гIайгIа яцара.

УьйтIахь Iежаш,
Хьоьга хьуьйсуш санна,
Наггахь таьIна, гIийла хетало.
Шайца мерза Iийнарг веза царна,
Мохехь лестий, сарахь тохало.

ХIинццалц эццахь
Хьо Iавалар тамаш,
ЧIогIа тамаш хета массарна.
Дуьне дезна,
Хьежа цуьнга меллаш,
Халахета шаьш дIатасарна.

Хьан накъостий,
Мехкарий а хаза,
Эхь-бехк лоьцуш, хетта буьйлало:
«ЦIа вогIий те? Дукха хан ю газа…»
Юьхьца цIийлуш, эсал бийлало.

ХIун жоп лур ас?
ХIун аьр тIаккха цаьрга?
БIаьсте ша а, хьоьга сатесна,
Йоьлу, ека шен йовхонан цIергахь,
Йоьлу, ека эсал лестина.

ЦIа волахьа, сан са тедан. алий,
ХIоккхул хазчу сенчу бацала.
ГIашца хьийзаш, можа гуьйре яле,
Гена некъаш оьшуш дацара.

Гацаев СаьIид Вина 1938 шарахь Веданахь. Иза поэт, драматург ву. Царех цхьаерш («Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш»). Цуьнан стихаш тIехьдаьхна халкъо дезаш тIеэцна дуккха иллеш ду: «Сан хьоме Нохчийчоь», «Сом хьан варий, Нохчийчоь», «Сийна бIаьсте», «Хьокъаьхьа ловзар», кхиерш композитора Даудов Рамзан, И. Мусхабовс мукъамаш даьхна Темирбулатова Сиржана, Межидов Сахьаба,кхечара дIаолуш долу.

Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн кепехь язийна ю СаIидан. Уггаре евзаш йолчех ю цуьнан ТемирбулатоваСиржана мукъамаш баьхна дIаолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо» ,«Сийна бIаьсте».

КХИН А
XS
SM
MD
LG