ТIекхочийла долу линкаш

Айдамирова Машар. Йилбазмаьхьаро жоп делчахь…


Нохчийн Лаьмнаш

Нохчийн Лаьмнаш


Йилбазмаьхьаро жоп делчахь…

ХIара цIенош аьлча а, шираллех къастаза йоьгIна лаппагIа евзара яра цунна хIурда кIелахь иза нисъяларх а.

Хьалха-хьалха бераллин, къоналлин заманахь сатийсаман гIала тарйинехь а, хIинца гIийлачу ойланийн лахьта хили кхунах. Делахь а хIара цхьа хIума ду-кх цунна синна гергара, цхьа а хийцам боцуш, шен бIаьрзечу дена тешаме гIортор хилла йогIаелла лаьтта.

Дисинарг дерриге а хийцаделла…

Аьлча а, хийцаделлачух тера ду. И хийцамаш ган бIаьрса ма деза… ткъа хIара бIаьрзе ву. Амма вац иза нахана ма-моьтту бIаьрзе а – синса ма сирла ду. Сема, сирла цIена.

Гушдолчу ирчачу сурто бIарзво, кхераво олу…

ЭхI-хIа-й, ма ца кхета-кх адам бIаьрзечунна мел хала ду!

ХIан-хIа, бIаьргашна сацагар дац цо дуьйцург.

Вуьшта, оцу бIаьрсил экаме, лазаме ду синса. БIаьрса Iехадан а тарло, амма синса Iехалур ду, тилалур ду бохург аьттехьа а дац. Иза бIаьрзечунна шена мел лаарх а.

БIаьрзечунна сагучеран бIаьрзе синош го. МоттаргIанаш гучуйовлу, боьха я цIена дог-ойла хаало.

Ма тамашийна кхоьллина-кх адам! Малх гIоттуш-чубузуш гIайгIане вужучу меттана, самукъадолуш хьоьжу цуьнга. Дицделла пекъарна оцу малхо Iуьйренца-суьйренца юх-юха хьажарца шен дахаран оьмар юстуш хилар, де-дийне Iожаллина ша гергавигар.

Ахь дика ойлайича, хIара дуьне тахана дехачу адамал тоххара дуьненчуьра дIакхелханчарех лаьтташ ду.

Муха ца хуьлу, адаман дилха, бина белхаш, буьйцу мотт, ен ойланаш, дIора йоьгIна бIаьвнаш, цIенош, леладо Iадаташ, оьздангаллин синмехаллийн исбаьхьалла – шадерриге а вайн дайша эзар шерашкахь кхуллуш, гулдина, вайна схьакховдийна хилча?

Хуьлу дера-кх, дукха хила а хуьлуш-м!

Шуна ма мотталаш и ойла а ша-ша хIинцца кхуьнан коьртехь кхоллаелла.

Мичара?!

Иза а ду-кх вайн хьекъалечу дайшна зиэделларг, жималло хьеребинчу вайн сонтачу хье чу дилла уьш гIиртинарг.

Текхна-а лелачу сахьтан цхьамзанаша тийналлин шоргIа тулгIенаш меттахйохура. Тийналлин цхьа-а аз дац бохург нийса дац. Цуьнан аз ду, шен куц-кеп а – адамо шен ойланца, синхаамашца кхоьллинарг. Синтеме, Iадавен, хьоьстуш, чехавеш. БIаьргаш хьабдича беса я къорза, тIаккха а хьан ойланашкахь ахь дуьллучу суьрте хьаьжжина.

ХIинца хIоьттина тийналла аганан ю – «хIуп» аьлла махо эккхийна, марха санна, дIадаьллачу дахаран гIамарш тIехь йилбазгIаланаш хIиттош.

ХIокхуьнан денда воккха Iеламстаг вара.

Дала гечдойла цунна! Кхоам болуш дара-кх цуьнан оьзда дегI оцу сийначу Сибрехь, хийрачу лаьтте кховдо.

Мел дукха кховдо дийзи уьш, дагардина ца валлал!

Далла духахьара а ма хоьтийла, дайн оьздачу синмехаллин зIе хадаран бахьанаш лахавоьлча, наггахь коьрте оьккху: «Ванах, пхийтта шарахь шен хьомсарчу берийн хьаналчу догIмех пхьор иэцанза бисина якхбели-те дай баьхна мохк?» – олий.

ХIинца санна дагадогIу дендас аьлла дешнаш. ХIетахь хIара-м дукхе- дукха жима вара, баккхийчеран къамелашка ладоьгIуш.

- Дуьненахь шен хаттаршна дуьззина жоп маца карор ду-те? – аьлла, цхьамма хаттар дира дендега.

- «Ассалум Iалайкум» аьлла ахь салам делча, «Ва Iалайкум ва салам» олуш, хьуна дуьхьал йилбазмаьхьаро жоп делча…

Дендас аьллачуьн маьIна дан гIерташ вехха лийлира хIара…

Айдамирова Машар нохчийн яздархо ю. Иза йина 1963-чу шеран 8-чу мартехь. 1991-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн университетан филологин факултет. Иза гоьваьллачу нохчийн яздорхочун Айдамиров Абузаран йоI ю. Иза Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ю.

XS
SM
MD
LG