ТIекхочийла долу линкаш

Халикова Асет

Мега со дIаяха

Туьйранахь санна, со
дуьнен чохь цецъюьйлуш еха,
БIаьрг тоха ца кхуьуш,
мел бIешо дIадаьлла-техьа?
Эр дац ас дахар сан хиллера
доца я деха,
Чекхдолуш дац иза яларх со
дуьненал дехьа.

Туьйранах санна, со
дахарах цецъюьйлуш ехаш,
БIешераш, заманаш, хи санна,
суна тIехъюьйлу.
Куьйгаца сецадеш дахаро
хьийзаде мехаш,
Ас лазам, бала а, къар ца луш,
сайн даг чохь къуьйлу…

Туьйра сан бакъдина дог
хьоьстуш беттаса догу,
Некъ хьоьхуш стиглара седа а суна
ма богу…
Синтем ца карийна,
бIешерийн херцарш а хьешна,
Мега со дIаяха, сайн ирс цкъа
карорах тешна…

XS
SM
MD
LG