ТIекхочийла долу линкаш

Халикова Асет

Ирсе бIаьрхиш

Ирсечу бIаьрхишца елха а йина,
Сайн нана къинтIера яьккхи ас тахна…
Уггар а дезачех парз кхочушдина,
Сайн ненан куьйгех, сайн
дог дох а дина,
Сецна со, ойланийн беша а яхна,
Синхаам абаде суй лаца бахна…
Дуьнено мерзачех соьга кхаъ баьккхи,
Хьайн гIийла нана ахь
къинтIера йоккхуш,
Ирсечу бIаьрхишца ирсан
кхаж боккхуш,
Дуьне а къинтIера ахь
хьайна даьккхи…

XS
SM
MD
LG