ТIекхочийла долу линкаш

Халикова Асет

***

Юха а кхечи хьо, сан дагна
тIаьхьара елха,
Юха а кхечи хьо, хьайн хенал
хьалха а лелхаш,
БIарзбелла дин санна, сингаттам
сан уьйтIе балош,
Сан даьгна тIемаш а юха а
сан синна далош.

Хьо марша йогIийла!
Дукха ду сан хьоьга дийца,
Сайн тIома куралла, хIоз хилла,
сайн кочахь йисарх...
Со кхетта дуьненан кхин
басарш, кхин маьIна хилла,
Адамийн дагахь а, багахь а
дукхох ду хIилла.

Со гечдан Iемина, со царех
шек а ца йолу,
Со теша Iемина, со царех хера ца йолу.
Хьо цхьаъ ю-кх эвххьаза
ас дог дIадиллинарг,
Хьо цхьаъ ю-кх дуьненчохь
сох кхеташ йисинарг.

Хьан йист цахилар а – сан
дагца къамеле ялар,
Хьан хIора шабар а – сан
деган гIайгIане далар,
Хьуна чохь карайо суна суо
цкъа мацах хилларг –
Дашочу гIенашлахь сайн ирсах
Iаба цакхиънарг.

Хьо юхаъ дIагIур ю, аренца
гIаш хилла, яьгна,
Хьо юхаъ дIагIур ю, декъалва
цхьаъ хьайха хьаьгнарг...
Ерзинчу аренгахь сайн
дагалецамашхьоьстуш,
Со юхаъ юьсур ю сайн
деган тийналлехь кхерста.

Эзарза хьан ялар ган доьгIна
хилахь а, гуьйре,
Хьо лаьттахь сол дукха ехар ю,

хилла сел нуьре.
Гуьйре...

XS
SM
MD
LG