ТIекхочийла долу линкаш

Халикова Асет

Къеста вай

Къеста вай, марзо а эцале къеста,

Аренца акхтаргаш вайн къина лесташ…

Дог доьлху, дог Iийжа вай къаьсташ, амма,

Йиш ма яц гуттар а ваха вайх цхьаннан.

Къеста вай, гIан хуьлий вай диъна дахар,

Хенаша кагбича кхолламан маха.

Лаьттара дIадоьду хIор а адам,

ГIайгIано дегнашкахь буьтуш шех хьагам.

Къеста вайх да-нана, йиш-ваша къеста,

Шерашца байттаман гIайгIа а есташ.

Гина дац хIумма а адамал деза,

Дахаро Iожаллин къурдаш деш хеза…

Къастале вай вовшех дага а девлла,

Дезара даггара къинтIера довла.

Сийлаллехь къагале баьгна суй санна,

Къеста вай, къийсинарг ца кхочуш цхьанна…

XS
SM
MD
LG