ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу конфликтехь 9000 стаг велла


Украинехь 2014-чу шеран бIаьста иккхина, хIинца а ерзаза йолчу конфликтехь 9000 сов стаг велла, хаамбина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино шен рапортехь. ТIеман дозанашкарчу цхьацца меттигашкахь герзаш латтор лахделла, амма Донбассе Оьрсийчуьра тIом бан кечлуш хьийза нах дIаэхар сецна дац, боху тергамчаша. Велларг Украинан малхбалехь 9098 стаг велахь, чевнаш йинарг ву 20 732 стаг.

Ткъа тIом тахана сецна бохург бакъ ца до тергамхоша – тIаьххьарчу беттан чохь 47 маьрша вахархо велла Донбассехь лаьттах йохкучу минанаш тIе а нисвелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG