ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийчоьнан, Украинан бахархошна визанаш а йоцуш Евробертан пачхьалкхашкахула дIасалела бакъо лур ю 2016-гIа шо юккъе долуш. И хаам баржийна немцойн Ди Велт газатано.

Евробертан пачхьалкхашка визанаш а йоцуш ваха а, ван а болу сатийсам цкъа мацах Советан пачхьалкхен декъа хиллачу республикийн бахархойн уггаре а баккхийчех цхьаъ лара мегар ду.

Советийн заманахь набахтехь санна, наггахь верг бен дозанал аравала ца магош, ткъа магийнарг а социалистийн пачхьалкхашка, Советашца гергарло лелош хиллачу, Чехославаке, масала, я Малхбалерчу Германе бен, баха Iеминчу нахана лаьа некъаш даран, дIасалеларан маршонех пайда эца.

Амма и аьтто, Советийн набахте йоьхнехь а, хетачу агIор ца нисло дуьненан пхеалгIа дакъа дIа а лаьцна лаьттинчу пачхьалкхан бахархой хиллачийн.

Европе кхача визанаш оьшу, ткъа уьш яха вуно хала ду. Цхьа барз баьккхина кехаташ гулдан дезаш хиларал совнаха, уьш кечдича а цхьаммо а гаранти ца ло, Европерчу пачхьалкхийн векалтийн белхахоша виза боккъал а хIоттор ю бохучунна.

ХIунда аьлча дуьнена юккъехь лелачу Iадаташца, шаьш виза ца яларан бахьана дийца декхарийлахь яц векалташ, деккъа цхьа негативе штамп хIоттийна кехаташ юхадала бакъонаш ю церан.

Къаьстина тIаьхьарчу шерашкахь, Малхбузе тIеоьхучу мухIажарийн терахьашна холчу хIоьттина хиларна шога ду визанаш яларца долу гIуллакх.

Цундела тIаьхьарчу 15 шарахь Оьрсийчоьнан бахархошна визанаш а йоцуш Европехула дIасалела бакъо яккха гIерташ къахьийгира цу пачхьалкхенан арахьарчу гIуллакхийн министралло. 20I3-чу шарахь мелла а кхиаме гIулчаш а евллера шина агIоно цу хьокхехь дIахьочу дагадовларшкахь.

Амма даханчу шарахь Оьрсийчоь Украинина герзанца чу а гIоьртина, ГIирма ахгIайре схьа а йоккхуш, ткъа иштта Малхбалерчу Украинах дIакъаста гIерташ тIемаш бечу сепаратисташна гIодан Кремл хIоттарна Малхбузенний, Оьрсийчоьнний юккъехь шелйеллачу юкъаметтигаша визанаш Оьрсийчоьнан бахархошна Европано дIаяхаре тийса са а ца дитина.

Кхин хьал ду Оьрсийчоьнера харцо ловш йолчу Украинехь а, Гуьржийчохь а. Цу шина пачхьалкхан бахархошна тIедогIучу шеран аьхка дуьйна схьа визанаш а йоцуш Евробертехула дIасалела бакъо яла сацам тIеэцна Брюссело.

И хаам баржийначу немцойн тIеIаткъамечу Ди Велт газетано лакхарчу даржашкарчу Евробертан куьйгалхошна тIе а тевжаш чIагIдо, 20I6-гIа шо юккъе даьлча дуьйна схьа Евробертан 28 пачхьалкхе боьлхуш визанаш оьшур яц гуьржашний, украинхошний бохуш.

Газетано яздарехь, кху беттан 15-чохь Еврокомиссино зорбане йоккхур ю шайн визанаш дIаяха оьшу хьелаш цу шина махкахь кхочушхиллий-те бохург толлуш йолу рапорт.

Немцойн журналисташна хетарехь, къаьстина Украинин бахархошна визанаш а йоцуш дIасалела маршо яларца Евроберто гойту, ша Порошенко Петрона белшашгIортош хилар а, цо махкахь дIахьочу реформашна ша реза хилар а.

Политологна Чапханов Русланна хетарехь, цу бакъоне шайн бахархой кхачон гIерташ Украинин а, Гуьржийчоьнан а куьйгалхоша вуно дукха къахьегнера, мехала реформаш а, хийцамаш а беш шайн мехкашкахь.

Чапханов: „Гуьржийчоьнан Iедалша шайн махкахь йина йолу реформаш боккха болх бара, паспорташна централизаци еш, нехан пIелгийн лораш йохуш, цхьа вуо-дика хилча я криминал лелийча иза динарг сихонца схьакарон йиш хилийта.

Европехь тоьллачу пачхьалкхашкахь а массанхьа а йоцу кхиаме система ю цара юккъеяьккхинарг. Иштта реформаш тIаьхьарчу шина шарчохь Украинехь а ю дIахьош. Цундела цецволийла ду аьлла ца хета суна Евроберто цу шинна а визанаш дIаяхар“.

Цу юкъана, цхьаццаболчу оьрсийн хаамийн гIирсаша хIинцале а шайхалла до, хIоьттинчу хьолехь Оьрсийчоьнан бахархой, къаьстина мелла а тароне берш, сихонца Украинехь а, Гуьржийчохь а бахамаш а ийбеш, цигахь шайна Iер-бахаран бакъонаш ялийта хьовса мега, тIейогIучу хенахь Европе маьрша дIасалела шайн а таро хилийтархьама, бохуш.

Иштта, масала, ньюсру.ком сайтано яздо „кхеташ ду, кесталгIа Украинин Iедалхошка оьрсашкара пачхьалкхехь баха бакъо ехарш алсам дерг хилар, бохуш.

Амма бакъду, цхьаццайолчу кхечу пачхьалкхашкахь санна шайн махкахь петарш я цIенош хилчахьана цигахь доза доцуш Iер-вахаран бакъо Украинехь луш яц, нагахь санна цхьаммо мел кIезга а I00 эзар долларна цу мехкан экономике инвестицеш ца яхь.

XS
SM
MD
LG