ТIекхочийла долу линкаш

Стенгара девлла Муцольговн компьютер чохь маьттаза сурташ?


ТIаьхьарчу хенахь талламхоша йоьхьарлаьцначу «Машар» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллийн куьйгалхочуьнна Муцольгов Мохьмадан керла бехк кховдо мегаш бу. Цуьнан цIера дIаяхьанчу компьютер чохь, маьттаза суьрташ а видеош а карийна аьлла, шега хаам бина шега боху гIалгIайн бакъонашларъярхочо

Бутт сов хьалха, Муцольгов Мохьмадан, цIа а баьхкина, чуьра мел йолу техника а, компьютерш а, документаш а, дIадаьхьнера талламхоша. Сахьтнашкахь яьхъеллачу оцу операцино, цхьанна а тайпа жамIаш ца деънера, амма, хIинца, оццула хан яьлча, къаьстина, цуьнан цхьана компьютер чохь маьттаза суьрташ а, видеош хилар.

Кхаарийндийнахь, бакъонашларъярхо шаьш долчу дIа а кхайкхина, цуьнах хаам бина цуьнга. Шех цхьанна а тайпана вогуш воцучу Муцольгов Мохьмада, ша гIарадаьккхина и хIума. Гарехь, шега къамелехь иза хьаха а дина, кхерам таса дагахь хилла мега аьлла хета цунна. Кхолладеллачу хьолех, Маршо радиога иштта дийцира бакъонашларъярхочо.

Муцольгов Мохьмад ГIалгIайн махкахь а, Оьрсийчохь а дикка вевзаш бакъонашларъярхо ву. Цо куьйгалла деш йолу «Машар» цIе йолу цхьанатохаралла гIо деш ю, бакъонаш йохийначу нахан. Дуккха а гIуллакхаш ду, цара луьстуш а, листина а. Дукхаза талламаш бина оцу цхьанатохарална, низамаш дохийна хилар билгалонаш лохуш.Амма, карийна дац цхьа а. Цундела, шех вага хIума доцун дела, Муцольгов Мохьмада, майра дуьйцу кхин дIа а.

Ша беш болу бакъонашлраъярхойн болх, новкъа бу Iедалшна а, цхьаболчу даржхошна а. Цундела бен и Iаткъамаш шена беш ца хиларна шеко яц Муцольгов Мохьмадан. Кху ворхI-бархI шарахь, ГIалгIайн махкахь, меттигерачу Iедалшна оппозицехь болу нах байина, цхьацца бахьанаш а дуьйцуш. Хьуна, хьайна муха хета, тIехь лаьтташ болу кхераман барам, аьлла хаьттича, иштта жоп делира Муцольгов Мохьмада.

Луьра лоручу зуламанна бехке вина а ца Iаш, Муцольгов Мохьмада куьйгал деш йолу «Машар» цхьанатохаралла, ГIалгIайн мехка юстицин министралло лаьрра, кхечу пачхьалкхийн агент. Иза, бохург ду, цо и цIе къобал яьллалца, кхин дIа болх бан церан аьтто хира бац.

XS
SM
MD
LG