ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кандагерерчу аэродромера тIом


Кандагарерчу аэродромна тIелетта, шинарийдийнера еаре а болуш бинчу тIамехь тIалибаша 50 сов стаг вийна, царех 38 маьрша вахархо а, 10 Iедалан эскархо а волуш, аьлла ду ОвхIанистанан тIеман министралло дина дIахьедар.

Йоккхаллица пачхьалкхехь шолгIа йолчу Кандагарерчу аэродромна дуьххьара тIелеташ а бац тIалибаш – тIеман кеманийн цу базехь кест-кеста нисло тасадаларш.

Эскарерчу инарлаша дийцарехь, вийна кху тIамехь 11 тIалиб. Ша-шен икккхийтинчу тIалибна тIера болабелла хилла тIом. Беллачаралахь бу зударий а, бераш а.

Оцу юкъанна мехкан президента ГIани Ашрафа Кандагарехь ледара ша гайтарца доьзна воккху аьлла, даржах мукъаваьккхина къайлахчу сервисан куьйгалхо Набил Рахматулло. Цуьнан метта хIоттийна Масуд Мохьаммад Андараби.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG