ТIекхочийла долу линкаш

Къаьркъа модера даьлла, ...маха-молха леладо хIинца


Лецна балийначу наркоманашна хьехардеш ву Нохчийчоьнан администратор Кадыров Рамзан, 2015, Лахьан-бутт.

Лецна балийначу наркоманашна хьехардеш ву Нохчийчоьнан администратор Кадыров Рамзан, 2015, Лахьан-бутт.

Кхин гена вийла а ца оьшуш, цу къаьхьа,гIайгIанечу бакъдолчух кхиаво чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хIора денна гIарбохучу хаамаша. Дийнна бутт юьхьар а лаьцна,денош дагардеш, ахь чот-хьесап дича гучудолу,цхьа наггахь доцург де долуш цахилар наркотикех а, цу зуламечу молханех доьзна махкахь стаг я зуда ца лоцуш.

Цу декъехь тIаьххьарчех бу хIара хаамаш. Цхьана дийнахь Iалхан юьртара,ТIехьа Мартана тIера, Валарг тIера ,Соьлжа-гIалара виъ вахархо сацийна ТIехьа –Мартанан кIоштан полисхоша. Цаьргара схьаяьккхина 48 грамм кIомал. Оццу хенахь Новр кIоштан низамхоша 40 грамм кIомал а йоккхуш,шеен цIахь лаьцна Новр гIалара 31 шо долу вахархо.

Ишта шен цIахь и дIаьвше буц йоккхуш лаьцна Теркйист кIоштан Лаха –Неврера 48 шарера вахархо а. ХIора денна а бохург санна сецош, кIомалх пайдаэцарна полисхойн урхаллашка кхачош болчеран воккха-жималлин хенех тера, бен-бен ю лоьцуш болчийн географи а.

ЧIураман тIоьрмигаш чохь дIаIалашйина кIомал а йоккхуш, Соьлжа-гIалин Заводан кIоштехь, Шелан кIоштан Чуьйри-Эвлахь лецна 21,25 шераш долу кегийрхой. Наркотикашца къийсам баллочу говзанчаша даре дарца,вуно дукха барам ларалуш 130 грамм марихуана а йоккхуш лаьцна Дубин-Юьртара 41 шо долу вахархо. 15 грамм марихуана яьккхина ТIехьа-МартантIерачу 47 шо долчу стагера. Чот йоцуш дукха ду цу могIарера масалш. Изза кIомал,марихуана,дезоморфин олу буьртиг-таблеткашкахь молханаш даьхна Старопромысал, Соьлжа гIалин, Теркйист кIошташкахь.

Оццу наркотикех харц пайдаэцарна, и йохкар болх-некъ бина леларна,Волгоградан кхело I4 шо хан а тоьхна набахте хьажийна Точиев Iимран. Талламхоша чIагIдарца, Волгоградера Соьлжа-гIала йохка кIомал кхоьхьуш, цунах саеш лелачу зуламхойн гIерана декъашхо хилла Точиев.

Цуьнан гIоьнца нохчийн коьртачу шахьара ши кийла а сов марихуана кхачийна,талламхоша далийначу тоьшаллашца . Точиев Iимранна дина таIзар мелла а дайдан цуьнан адвокаташа Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле чуделла арз-дехар хийцам боцуш дитина суьдхоша. Вуьшта аьлча куьг бехке лоручунна тIедоьжна луьрачу хьелашкахь набахтехь 14 шо хан такхар.

Iедалан хаамийн гIирсаша шуьйра кхайкха а деш,Нохчийчохь муфтиято а,тайп-тайпанчу Iедалан структураша а дIахьуш кхетош-кхиоран болх боллушехь,махкахь наркотикаш а,кхидолу зуламе,хьарама хIумнаш а къедалар метта дебар муха кхетадо техьа шаьш бахархоша?

Цунна жоп каро ас къамел динчех цхьаъ ву Соьлжа гIалин кIоштера таксахо Ибрагимов Сидекъ.Цо кхеторехь цхьа гуш боцчу ницкъо леррина тIекхуьу чкъор хIаллакдайтархьама чукхоьхьуьйтуш коьчаллаш, бес-бесара мерза-къаьхьа маларш а.

Сидекъ: «Валлай йца хаьа суна-м. ТIетаьIIа чукхоьхьуш-м ду и дIовш. ХIирийн махкара а,Ставропол кIоштера а схьадохьуш дукхахдерг и зулам. Гуш лаьтташехь хIаллакбеш бу-кх кегийрхой. Цига дIа а бахна, и схьадохьу меттигаш дIакъовла езар,дависарг. Цуьнан бала болуш стагга-м вац. И флеш масала мел зене ду хаьий хьуна?»

КIезиг бахархой бац махкахь наркотикаш а,могушаллина кхераме цхьацца молха-маларш даржар къаркъа,чIагIар,йий,кхидолу корта бахо маларш къедарца дузуш берш а. Царех ву соьлжагIалахо Саидов Муса а.

Муса: «Къаркъа дIадаьккхина цундела кегийнарш цу хIумнаш тIебирзина. Хьожа ца кхета бохуш уьш муьйлуш а,узуш а,хьетIа бIаьргаш а баьхна лелаш бу-кх цундела. Бахьана и у-кх къаркъа ца дохкийтар».

Нохчийчохь наркотикаш биста кхаччалц зене хIумнаш хIора шарна алсамдаларна ,бахархоша кхеторехь ,коьрта бахьанаш масех ду -Iедалан бала а ца кхочуш, къам малха ца далийта,деба ца дебийта леррина лело зуламаш а, болх-некъ боцурш Iаламат дукха хилар а,нажжаз а дина, корта бахо маларш юкъара дIадахар а.И хьажам болчех ву Старопромысал кIоштера вахархо Увайс а.

Бахархошца динчу къамелаша ма-гайттара, Нохчийчохь могушаллина зене, къоман гIиллакх-амалца догIуш доцу,дино магош доцу хIумнаш дIалакъарна метта ,хан мел йолу а кхин тIе а дебарна бехке,нахана хетарг тидам-тергоне оьцуш боцу Iедалхой лору цхьаболчара.

Катоьхха,кеп-моттаргIанаш а ца лелош, бакълена а дика,бIаьрла жамI хиларе са а туьйсуш,тахана цхьаъ ца дахь, кхана тIаьхьа хир ду аьлла, шеконехь берш вайнахалахь дукха бу.

XS
SM
MD
LG