ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг верна бехке лору Ходорковский Михаил


Оьрсийчоьно ши стаг вейтарна а, кхин а веанна кIелонаш яйтарна а бехке ву аьлла Оьрсийчоьнан Талламан комитето Оьрсийчохь мехкдандаьттан магнат хилла Ходорковский Михаил. Набахтехь шераш а даьхна, махкахь ца соцуш, Швейцаре ваха охьахиина президентан Путин Владимиран политикан оппонент Ходорковский декъахь ву, элира пIераскана Талламан Комитетан пресс-секретара Маркин Владимира 1998-чу шарахь Нефтеюганскан мэр Петухов Владимир верна.

Иштта цо вен нах а хьовсийна, валаза велира, бохура Маркина, бизнесхо Рыбин Евгений а, кхин а кхо стаг а. Талламан комитетан пресс-секретаро бахарехь, кестта Интерполе лаца кхайкхор ву Оьрсийчоьно Ходорковский Михаил. Тергамчашна хетарехь, Ходорковскийна цо де хьалха Лондонехь шен пресс-конфероенцехь Оьрсийчохь революцин карчам ца хилча ца болу аьлла дIакхайкхор охкуш ю Кремл.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG