ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Синоуйшче портехула шарахь 5 миллиард кубметр газ кхачор ю Къатарера Полше


Полшерчу Синоуйшче порто Къатарера «Ал-НуIаман» цIе йолу газ йохьаш еана хьалхара танкер тIеэцна пIераскана. Иза Полша Оьрсийчоьнан «Газпромах» йозучуьра мукъайоккху гIулч ю аьлла хета Варшаверчу экономисташна а, политикашна а.

200 эзар куб-метр гIорийна газ ю танкеро схьакхаьчийнарг, ястаелча хуьлу иза 120 миллион кубметр газ. Ши бутт хьалха газ схьакхачаен порт схьайоьллуш, хIинца тхо ца дозу Оьрсийчоьнан газах аьллера Полшин премьер-министра Копач Эвас. Синоуйшче портехула шарахь 5 миллиард кубметр газ кхачор ю Къатарера Полше.

Махкана оьшучун кхоалгIа дакъа ду иза. Оцул шаьш шайн лаьттара а газ яккха Iалашо ю полякийн. Хьоло Оьрсийчоь декхаре йийр ю Европаца газа мах къовсуш мелла а кIеда, мах лахбеш хила, аьлла хета Варшавехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG