ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мукъаваккха веза нохчо латтош ву Армавирерчу набахтехь


Сочехь пенсиэцархочунна Задельников Артурна буса чуиккхина, къола дарна шо хан тоьхна нохчочунна Темирсултанов Хаважна бутт хьалха. Ткъа иштта а и хан цо текхна хиларна, мукъаваккха везаш волу иза хIинца а латтош ву Армавирерчу набахтехь, даржийна цуьнан адвокато.

Набахтерчу хьаькамаша, Темирсултанов цо ара ца хоьцу, шейгахь цунах бина сацам бацарна бохуш аьрзнаш до тутмакхан гергарчара.

Тамашениг ду, Темирхановс талор дина бохуш вуьйцу Задельников цунна тIе а хIоьттина, шена зулам динарг кхин стаг ву бохуш тахханалц латтар а, цул совнаха, Темирсултанов деца-ненаца цо хьошалла лацар а, бохуш дуьйцу адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG