ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конституцин дийнан лецарш


40 гергга Яблоко партин декъашхо, шайлахь лидер Явлинский Григорий а волуш, лаьцна полицино Оьрсийчоьнан Конституцин де ларалучу шоьтан делкъехь Москох.

Iедало магийна боцу гулам вовшахтохарна лецначаралахь ву иштта Явлинскийн гIовс Митрохин Сергей а. Интернетехь даржийначу суьрташа гойту кхиболу политикаш-оппозиционераш, бакъоларъярхой етташ лоьцуш а – Пономарев Лев, Сатаров Георгий, масала.

2004-чу шарахь дуьйна даздо Оьрсийчоьно Конституцин де. Шоьтадийнахь Президентан Путин Владимиран гоно талхош ду конституцин низамаш, цо адамашна парггIат хетарг дIаала елла дешан бакъо а тIехь, бохура Москох гуламе баьхкинчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG