ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненан климат тоеш - 100 миллиард доллар


Францин арахьарчу гIуллакхийн министра Фабиус Лорана пачхьалкхийн кхеле хьажийна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн юкъараллан лаамца дуьненан климат хуьйцу проект. Конференцехь дакъалоцучу 195 махко тIечIагIъян еза хIинца и проект.

Боккха толам хир бу, Фабиуса бахарехь, бинчу бертаца 2-на градусна дуьненан температура шелъян аьтто балахь.

Пачхьалкхаша, проектца а догIуш, шарахь 100 миллиард доллар ахча дойур ду климат меттахIотторхьама. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретара Ки Мун Пана кхайкхамбина, проект сихха сацаме еерзаяре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG