ТIекхочийла долу линкаш

ХIомс мукъаяьккхина


Шемин малхбузерчу ХIомс гIалахь иккхинчу молханах юьйлинчу машенах велла 15, 60 сов лазийна шоьтадийнахь.

ГIалин алавиташ бехачу декъехь дина и зулам. Бохам хила сахьташ дуьсуш даржийнера Шемарчу Iедало, ша ХIомс президентна Асад Башарна дуьхьаллаьттачу гIаттамхошца барт а бина, шен караерзийна аьлла.

ГIалин ал-Вайер олу дакъа ишта а дара кху тIаьххьарчу шина шерачохь Iедалан ницкъийн гонехь лаьтташ, ткъа хIинца Цхьанатоьхначу Къаьмнийн организацино юкъарло а лелош, барт хилла агIонийн ХIомсера тIом сацо.

Ерриг а Шемахь тIемаш лаьттачу деа шерачохь вийнарг ву, Рейтерсо далочу терахьца, 250 эзар гергга стаг.

XS
SM
MD
LG