ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло ДАIИШ-ера нах багарбеш


Соуфан Гроуп олучу Iамеркарчу зерашдечу компанино ДАIИШ-е дIаоьхучу Оьрсийчоьно бахархойн терахьаш десташ ду аьлла даржийра деношкахь. Амма гойту терахьаш ца догIу долчу хьолаца, бохуш билгалдоху бакъоларъярхоша.

Масала, Оьрсийчоьнан инарла прокурора Чайка Юрийс ши кIира хьалха хаамбира официалехь, бехктакхам бу гIатийна Шема тIаме вахарна 650 стагна дуьхьал аьлла. Ткъа цул хьалхо ФСБ-н директоран гIовса Сысоев Евгенис Шемахь еккъа цхьана ДАIИШ-ехь ву элира 7 эзар гергга Оьрсийчуьра вахархо. Прокуроранний, ФСБ-н куьйгалхочуьнанний терахьаш иттаза сов гарадевлла нисло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG