ТIекхочийла долу линкаш

Нохчий ларбеш, церан синош дахаран Iаткъамех лардеш, гIаролехь лаьтташ санна, сема беха халкъалахь бегаш. Мел боккха бала тIебоьжча а ца буьту нохчочо шегара синан белам, халонех кхардар, цавашар. Оцо могашалла а латтайо къомехь олий хетало.

Ахь дIа ахка ваьккхича,мел гIаддайна нохчо а ца караво дийца забаре хIума доцуш. Цхьа дарба, сатеден молха санна тIеоьцу забаре,шен метта аьлла дош дукхахболчу нохчаша.

-Ванах, хьенех, кхин хIара ду ала гIуллакх а доцуш,хьо стенна воьду говр-ворданахь оццул беха некъ бадийна лула юьрта,минех ган аьлла,шега хаьттича,ваха ваьллачо жоп делира боху:

-Вай гIондолчу эхартаро воьду,хIара сайн бIарзделла сатедеш,оцу сайн накъосте,мацах-мацахлера забаре хIумнаш дийцийта. Цунна а дайна,беламе дош хаза хийла нохчо реза хилла гIеххьа хало лан а,дуьхьало къарьян а.

1944 –гIа шо. Нохчий цIерпошт тIехь Сибрех дIабуьгуш. Шалон тIехь цхьана хIуманна тIехула дов даьлча зудчунна и лерга юх ягош майрачо тIара тохарх дуьйцуш ву Теркйист кIоштера 80-ра ваьлла къано Гизуев Хьусайн.

Гизуев: «Сибрех дIадуьгуш зудчуьнгара,цхьаъ даьлча,майрачо хIусамнана тIара тоьхна.-Ас хIара дицдийр дац хьуна!-эккхийтина дарьеллачу зудчо.- Цу дела вазлора, ца дицдахь,ас дешначу къорIанор хир ю хьох хаза неха санна зуда хир ю-кх!-жоп делла майрачо.

Балане беха некъ бадийна,бохийна нохчий ГIум-Ази дIабуьгуш,наггахь нах мацалла ца балийта хIора а шалон чу юург кховдош хилла.

Цхьангге а дегабаам ца байта, букъ тухий цхьаъ а дIа хIоттавой,хIора декъана тIе пIелг а хьажош, цуьнга цIе йоккхуьйтуш хилла юург дIалучун стеган. Нехан самудаккхархьама,баккхийчара 11-12 шо долу жима кIант хIоттавора букъ тухий, цIерш яха дIа бохуш дуьйцу Гизуев Хьусайна.

Хьусайн: « Юург екъа а йоькъий,охьа а юьллий, Нохьа бохуш вара,Азун Зухайрера кIант,- Нохьа дIаверзал! Цуьнга букъ а тухийти,олура- Нохьа хIара хьенан ю? Уггар хьалха эр дара: -Тхан ю! «ГIагI!» олий белалора чуьранаш.

Муьлххачу хьелашкахь еш хилла вайнаха забарш. Мацах мацах марха дастарх дуьйцуш ву изза Гизуев Хьусайн.

Гизуев: «Шайн дас ша жима волуш,говр тIе а вихкина, марханаш къобалдан вахара со,говрахь Ломаз –юьрта»,- дийцина балха тIехь Мохьмада Джабраале.-Мехкаршна говр чу а хоьхкуш,йовлакхаш дехира ша зудаберашкара»- дийцина Мохьмада.

Цо буьттурш пуьташ бу-кх аьлла, шекваьллачу кхо накъосте мохь тоьхна-кх:

-Новрди ,схьаволахьа,кхо дуьйцуьнга ладогIахь! – ХIун боху цо?- Жима волуш говран нуьйр тIе а вихкина дас марханаш къобалдан вахийтинера ша боху Ломаз-юьрта. Цигахь цIено чубахча а ца буьтуш, тIе говр хьийзош, мехкаршка йовлакхаш охьатийсийтира ша боху. Хьо теший цунах?

-Теша дер-кх!

-Хьо муха теша цунах?

- Ой дера теша пенаш бен доьттина а доцуш, кор, неI доцуш цIенош ца хуьлу вай? - тодан воьлла Новрди,амма и дийцина Мохьмад къар ца велла.- ХIан-хIа и бакъ дац,тIетиллина тхов а болуш цIенош дара уьш.

- Чуьра нах дIа бахна,неIарш дIа евлла, бутойоьлла бежний ачу а лелхаш,цIенош хилла хир ду-кх тIаккха!-дIадерзо гIоьртина Новрди. _Чохь Iаш нах а болуш цIенош дара мехкарий чулилхинарш!-чIагIвелла Мохьмад. Ша гIодан гIертарг валлане юха ца ваьлча Новрдис аьлла: -ХIан, Мохьмад, ас сайга далург дина хьуна, соьга кхин ца боттало пуьташхIинца биснарш айхьа боттахь».

Шайн цхьа хатI,муха ала цунах шатайпа тIум-чулацам хиларца къаьсташ ю шира забарш. Цу могIарера хета суна хIара а. «ГIу чуьра хи даккхалц аса яийта ала хьенехе!-аьлла, кIант ваийтина лулахочо. Шен лулахо дика вевзачу вукхо:»Ца ло,аса кIа дакъо езаш ю» юхавахийтина кIант.

-Асана тIехь дакъош ца хуьлу кIа,яийта ала цуьнга!-юха а дIахьажийна кIант лулахочо.-Йинчу бехказлонах кхета лууш а ца хилча, и аса юхаяла а луур дац цунна. Ца ло ала!- йоцуш вахийтина кIант.

Дийца забаре хIума доцуш нохчо,юьртахо-м хьала а,охьа а каро хала ду. Цу забарех воьттинчех цхьаъ ву Казбек а.Цунна чот йоцуш дукха дага а догIура юьртахь нисделла беламе хIумнаш шен метта аьлла забаре дош.

Казбек: «Тхан ненаваша вара ишколехь завхоз. Ишколера кIант веъна,хьоьга схьавола боху аьла. _Хьан боху хаьттина кIанта.-Директоро .-Валлай бохур дацара хьо хьайн цIахь Iийнехьара-м!-дерзина Мовлдис.

МогIарерчу наха кхоьллина,нохчийн халкъан забарийн къеггина масалш лара йогIу аьлла хета Казбекана дагаеъна,цо карлаяьккхина хIара ши забар а.

Казбек: «Со вара тхайн ненаваша волчохь сакъоьруш Iаш. Айса динарг дийци-кх ас вашега,ас ийгIина дIаяхна зуда а схьаялийна,ийгIина ши накъост берта а вахийтина,кхидерг а дина… Дикка ладоьгIна эли-кх цо. Шу ишта маттана шера а,говза а стенна ду хаьий шуна. ЗантIахойн йишин бераш долу дела ду шуна ишта говза. Шу шайн дайх тешна делхьара нисса новкъа дIадаха хууш хир дацара шу».

Тхан юьртара Халил хилла автобус тIера социйлехь охьавуссуш ,хьоькхуш оьгIазе мохь а болуш.Цигга юххе лаьттачу юьртахочо хаьттина :-Ванах Халил,ахь хIун до,хьо мА дера ву?- Оцу зударша шайга ца догIург дуьйцу-кх,ваша велла бутт а балале мелла ву бохуш!- И ма ду хаза,-аьлла юьртахочо,шеек дIа а воцуш,-ваша велча а ца мела ахь маца мала деза иза?

Сан забарех къамел хиллачара,даггара вела дог а доуьйтуш,дукха далийна,юьртахоша кхоьллинчу забарийн масалш.И забарш а ялош сан къамел хилла Теркейист кIоштерчу Лорса цIе йолчу вахархочуьнца.» Хийла хало Iаьвшинчу,къа-бала лайначу нохчочунна цхьа дарбане молха,хьааме кхаъ санна хилла забар» бохуш дийцира Лорсас юкъ-кара масал а далош.

Кхеташ ма-хиллара, халкъан барта кхоллараллин цхьа дакъа-жанр хиларе терра,забарш а ю шайн рожехь екъалуш,дуьра,мерза,кIо,муьста кхачанаш санна. Бакъду царалахь хуьлу забаршна юкъахь а забар лара йогIу,тоьллачех тоьлла шедевр олу забарш а. Цу «хIумпIар» чуьра ю аьлла хета ас тIаьхзхьара ялориг а.

ГIеххьа дешна а волуш, моллалла а лелош,нехан вон-дика листарехь дика а хьаьвзаш,юьртахь а лераме стаг хилла хьенех. Советан Iедало набахтехь валлош,цигахь марзвеллехь а,юкъ-кара маларх кхеташ хилла-кх иза.

Цкъа цхьана буса, цхьанхьа са а тедина, гIеххьа кеп йина,самукъадаьлла цIа вогIу хIара, ког а тасабелла охьакхетта. ТIаккха хала тасавелла когаш тIе а хIоьттина,куьг-хIума тоьхна хечин тIера чан йего сурт а хIоттийна «моллас» аьлла:» Дера де хьо шайтIа дала хIаллак ,айхьа бохург деш лаьтташехь кIел ког туьйсу-кх ахь!»

XS
SM
MD
LG