ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарехь билгалонаш цакарийна Оьрсийчура кема, теракт а йина, чудаийтина хиларан


Мисарехь билгалонаш цакарийна Оьрсийчура «Когалымавиа» олучу компанин А32I олу кема, теракт а йина, чудаийтина хиларан. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, Мисаран махкахойн авиацин министралло динчу дIахьедарна те а тевжуш. Цу документана тIехь дуьйцуш ду цу махкарчу техникан комитетана терактан ларш карийна цахиларх лаьцна. Хьалхо Оьрсийчоьнан Iедалша даре динера и кема чудар теракт хилар. Цу кеманна тIехь эккхийтар дина хила мега аьлла дIахьедар динера Iамеркин а, Британин а, Израилан а талламан сервисаша. Мисаран Iедалша цу хенахь а харц бора и хаамаш. Оьрсийчоьнан кема чудаийтар шайна тIелаьцна ДАIИШ олучу тобано. Иза доьхначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедалша дихкина шайн кеманаш Мисара лелар. Ткъа цу махкахь садоIуш хилла шайн туристаш цIабалийра Оьрсийчоьнан Iедалша? леррина цига кеманаш дахийтина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG