ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Заманан синпхенех пIелг туьйсу...


Заманан синпхенех пIелг туьйсу ас, мерзех санна,
Дайн кешнийн чартех ас куьг детта, вотанех санна,
Шийла мохь бетта ас: «Со-м нанас вала ца вина,
Вехийша аш Деле доIанца, доьлхуш сан къина».

Сийначу цIергахь со вагий-кха, маьрша ву аьлла,
Докъаза вайна со, сайн махкахь со лай вац аьлла,
Со шайх сел тешна нах хили-кха со вухкуш ямарт,
Сох хили кху мехкан лазаман декъаза гIаларт.

Йилбазан зурманан хелхарча соь хила боху,
Дажалан ловзаран хIонс хилий соь ваха боху,
МIаьргонаш бIешаррел яхлучу новкъа со воьду,
Цхьалхачу сан лорах сан ненан бIаьрхиш а оьгу.

Иэраша гуо бинчу барзах сайн тарделла дахар,
Малха кIел бакъо а ца хилла вала я ваха,
Дийзи сан, къомана йовхо луш, цIе хилла вага,
Маржа-яI! Хили те сан лазам сан синан ага?

НеIалташ, доIанаш хьерча сох, сан болар гIелдеш,
Латта а, сан цIийх ша Iебича, тийжа, дог шелдеш,
Цхьалхачу сайн къоман гIурбанан сагIа а хилла,
ВогIу со, сан Дела! Со мизан-терзан тIе вилла.

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG