ТIекхочийла долу линкаш

Элдин Микаил. Сингаттам


ГIайгIано хьоьстучохь беттасин буьйсанаш йитина,

Ширачу чарташна куьг хьекха шийла мох битина,

МаьркIажехь безачийн ков детта сирла са дитина,

Ткъа сайна ладоьгIуш, заманехь сатийссам битина,

Ас лоьхург хIун ду те техкачу дуьненан йистехь?..

Суо хала кхиийна да-нана воI воцуш дитина,

Есачу хIусамехь хьаша-да пхьор доцуш витина,

Сайн кIуьран мостагIий махканна дола дан битина,

Ткъа сайна цхьа узар ала а бакъо ца йитина,

Ас стенга сатуьйссу шийлачу Iаьпказа йистехь?..

Къахьяла кхиале исбаьхьа гIаланаш йитина,

КIадвала кхиале и къорза некъаш а дитина,

И айпе сийлалла ша лоьхучунна а йитина,

Ткъа сайна суо винчохь чурт догIа бакъо а йитина,

Со воьрзур вуй техьа бераллин шовдана йисте?...

XS
SM
MD
LG