ТIекхочийла долу линкаш

Телевизионехь дуьйцучух тешачу нехан терахь лахделла Оьрсийчохь


Телевизионехула дуьйцучу керланех тешаячу нехан терахь лахделла Оьрсийчохь цхьана шарахь эха шарахь 9 процентана. Карарчу хенахь хIора 100 стагах телевизинехула гайтинчуьнах тешаш ву 41 стаг. Иштта жамIаш ду Левавда-центро бинчу талламан.

Ялх шо хьалха телекерланех тешачу нехан терахь дара шозза алсам – 79 процент. Амма, Левада-центро бинчу талламца а догIуш, дукхах болчу нахана керланаш довза коьрта гIирс буьсуш бу телевизион. Махкахь а, дуьненчохь а хуьлчух лаьцна телевизионехула хаьа Оьрсийчохь 85 процентана респонденташна.

XS
SM
MD
LG