ТIекхочийла долу линкаш

Швецин кеманаша тIом бийр бац Шемахь


Швецин кеманаша тIом бийр бац Шемахь. Иштта сацам бина Швецин Iедалша Кхаарин дийнахь, парламентерчу партешца дагадовларш дIадаьхьначул тIаьхьа. Парламентехь дебаташ дIахьош депутаташ саготта бара нагахь шайн пачхьалкхо Шемахь «Исламан пачхьалкх» тобанца тIом болабахь, цу гIуллакхо терроран кхерам бан мега махкахь бохуш.

Министрийн кабинето а, парламенто а дагадовларш дIаьдаьхьна шина кIиранах. Шема тIеман кеманаш хьажоран метта Швеци дагахь ю Францина гIо дан транспортан авиацица а, тIеман-техникан гIирсашца а. Цуьнан мах хир бу 4 миллион евро.

XS
SM
MD
LG