ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлехь цхьаьнакхетта Путин а, Керри а


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цхьаьнакхетта Кремлехь Iамеркин пачхьалкхан секретарца Керрри Джонаца. И цхьаьнакхетар дахделлера 3 сохьтехь эха сохьтехь гергга. Цул тIаьхьа хиллачу зорбан-конференцехь Кериис юха а дIахьедар дира Шеман кханенехь меттиг яц Асад Башаран аьлла.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш дIаяха мега Украинера хьолаца боьзна Минскехь бина барт кхочуш бинчул тIаьхьа. Оццу хенахь Керри Джона билгалдаьккхира Iамеркин Iалашо яц Оьрсийчоьнна изоляци яр аьлла.

Оццула телхина юкъаметтигаш хилла яц Оьрсийчоьнна а, Iамеркина а юкъахь Советан пачхьалкх хиллачу хенахь дуьйна. Хьалхо Iамеркин пачхьалкхан секретар цхьаьнакхийтира Москохара Хелсинкин тобанан куьйгалхочуьнца Алексеева Людмилица.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG