ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу хих веддарг Францерчу хьера кIел иккхина


Франци -- Beziers олучу меттехь нохчочо терроран талор дина аьлла яздира зорбано шо гергга хьалха. И хаам баржарца нохчо чохь вехачу цIийнан сурт даккха веана фотожурналист. (Хаам бакъ ца хилира), 20Деч2015.

Франци -- Beziers олучу меттехь нохчочо терроран талор дина аьлла яздира зорбано шо гергга хьалха. И хаам баржарца нохчо чохь вехачу цIийнан сурт даккха веана фотожурналист. (Хаам бакъ ца хилира), 20Деч2015.

Францерчу мухажиршна вас йо гIаланашкарчу полицин зулахойн лахаран кепаша.

Бутт хьалха Парижехь динчу талораша гIаттийна полици юьжуш яц дийнахь а, буса а. Зорбано гIарадаьхна а, иштта дохуш доцу а лецарш лаьтта Францехь. Доккхачу декъанна бусулбанаш бу низамхоша луьттурш. Муьлхачу махкара кхаьчна, муьлхачу бахьанашца веана Франце - иза бен башха а дац.

Лецначийн декъа нохчий а нисбелла. Бетта чохь жандармийн тергоне а кхаьчна, церан литтаршкахь хилла маситта бIе нохчо. Лецнарш багарбеш бухара бакъоларъярхой бацахь а...

Парижна ах эзар чаккхарма юьстах ю Деналбек веха гIала. Шен къоман къинан бала болчу хIора нохчочунна дагаван а тарлуш стаг ву иза.

Дуккха а шерашкахь гIараяьлла лийлира Ютубехь, хIинца а цу чохь йолуш ю, цунна Шелахь Лорд шех олучу, цкъа нохчийн маршонан бIаьхошлахь а лелла, тIаьхьо меттигерчу герзахойх-кремлхойх дIа а кхетта, церан баьчча хIоьттинчу, тахана Нохчийчоьнан парламентан спикер волчу Даудов Мохьмада Деналбекна етташ видео.

Вийна Iуьллучу воьIана тIевалийначу дас, Деналбека, «хIара хьан воI вуй», хаьттича, ву а олий, гIазот декъалдо вийначун. Эццахь Даудовс шен накъосташка мохь оьккхуьйту, тIеетта цунна, олий. Деналбекан цхьа дезна ца а и санна де лан – цуьнан виъ воI кхелхина маршонан новкъахь.

Тахана шен дийна висинчу шина воIаца Францехь вехачу цунна балебаьлла цатешам, цаларам. ХIинца иза францхошкара кхаьчна. Цуьнан хIусамах шеко йолуш, чуьра аравала а дихкина цхьана кIантана полицино.

Деналбекна генавоццуш веха кхин цхьа нохчо – Мохьмад. Иза ша а ву низам Iалашдечу хьукматехь болх беш – цо хадо хьакамашна, цара хIитточу барамашна, Iедалан гIишлошна. Цуьнга а тешам бац гIаларчу полицин – буьйсанна юккъехь чулилхина, кегийна цуьнан доьзал а.

Францерчу гIаланашкахь нохчий литтар гойту ши масал бен дац Маршо Радионо далориг. Ткъа полице ийзийнарш а, цIерабовла дихкинарш а дуккха а бу.

Стенна, Парижехь хиллачу талорийн декъахь нохчий боцийла а хууш хилча? ХIума даьлла аьлла яьккхина-х яций цхьана а нохчочун цIе?

Бахьана-бух цхьаъ болучух тера ду уггаре хьалха – Европехула бевлла лелачу нохчийн вала да вацар. Уьш кхузахь хьийзабора аьлла, воккхавеххьий бен, велха вац я Оьрсийчоьнан а, я даймехкан а хьукматашкахь стагга а.

Цундела нохчех лоций шайна товрриг, шайн гIиллакхо шайна магорриг олу кест-кеста Европерчу официало а, зорбано а.

Масал. Парижехь зулам динччу деношкара хаам, "Ньюс Онлайн 24" интернет-портал.

Ма-дарра къамел: «Парижан полицин карахь нах лелхийтинчу 8 террорхочун цIе ю. Цара шаьйлахь къамелдеш хьехийна нохчий, гарехь, талор дайтинарг Нохчийчоьнан президент Кадыров Рамзан ву. Юха а билгалдоккху оха: Парижерчу Батаклан театрехь 112 стаг закъалте а эцна, байинарш, гарехь, нохчий бу».

Иштта яздора "Ньюс Онлайн 24" портало. ХIинца а лаьтта интернетерчу цуьнан агIонтехь и хаам. Ткъа иза иштта дацара , бехк ма биллахьара тхуна, аьлла, шаьш тIе нехаш хьакхна нохчийн къинтIера баха сихвелла цхьа а вац.

Нохчийн цIе ша иштта бехйинера аьлла, стагга а вац жоьпалле воьхуш дуьненан цхьана а маьIIехь. Иштта ду Оьрсийчохь, иштта ду Европехь, иштта ду миччанхьа а. Хьалха а санна, цхьа зулам оьккхушехь, уггаре хьалха цуьнан да хила тарлучу къоман - нохчийн - нах луьтту массанхьа а.

Оцу суьртана хIинца я оьгIазвоьдуш а, я бегашена а ирахкхоссалуш а вац цхьа а.

Цундела а богIу декъазчун децIера. Цунна ду, гарехь, Францехь тахана нохчий сецор-лецар а. Кхана а лаьттар ду изза...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG