ТIекхочийла долу линкаш

Элдин Микаил. Буо беран дог санна, и гуьйре йоьлхуш...


Борз санна, дарц угIуш, хьан лерса Iадош, Буо беран дог санна, и гуьйре йоьлхуш,
Чилланца шен хазна къовса ницкъ боцуш,
ГIелделча хьан кура ойланийн хелхарш,
Хьо йиса, гIенах бен со ган йиш йоцуш.

Йисча хьо сагатдан мел хиллачунна,
Генарчу ирсе хьан сатийсам хадош,
Иэсехь бен сан аз ма хезийла хьуна.

ГIайгIане бIаьргаша хьан лазам Iенош,
Дуьненахь ца дисча хIумма хьо теша,
Соьга ахь тийсина сирла са Iехош,
Хьо йиса, сан IиндагI-бIарлагIе хьежа.

Ткъа нагахь хьан сица со эвхьазвалахь,
Я висахь хьох лаьцна цхьа илли доцуш,
Соьга ахь сатийссал хьох хиэравалахь,
Виса со, гIенах а хьо ган йиш йоцуш.

XS
SM
MD
LG