ТIекхочийла долу линкаш

Элдин Микаил. Эланна лай санна мостагIа йистбIаьрга лелхаш...


Эланна лай санна мостагIа йистбIаьрга лелхаш,

Сан Мехкан латта а тешаме доцучу дийнахь,

Iожаллин алуно ца совцош шен къиза хелхарш,

Чехкачу мIаьргонех цIен деши ас дечу дийнахь.

Сан тоьпан нишанал малх кхета дуьне гатделча,

Iийжаме сан бIаьрхиш цIий хилла Iеначу дийнахь,

Шокъалийн болатчу шакаррел дахар дуткъделча,

Ма холчу хIоьтти хьо дилхан дог, богучу кийрахь.

Сайн ненан аганан туьйранаш маттаца доьшуш,

ГIорасиз хьо хилча, ницкъ боцуш сан лазам къийла,

Лаамийн дукхаллехь сайн синан анайист лоьхуш,

ХIинцалцца къинхетам боцуш ас идий хьо-м хийла.

Тахна сайн лазам ас узамца абаде хоьцу,

Дуьненан сийлалла езнехь а, йицъелла суна,

Iожалла тIееъча, карзахе сан са дIаоьцуш,

Доьхна ма хилалахь, сан ойла теш хир ю хьуна.

Къоманна хьалхара къа тIаккха сан кхоллам хилла,

Азаллехь сан синан и декхар тIелаца дезна,

Дитахьа харц-дуьне кху маьлхан пIелгаш тIехь Iилла,

Дагахьа, дели хьо-м Даймехкан баланна лезна.

XS
SM
MD
LG