ТIекхочийла долу линкаш

Арсанукаев Шайхи

Лакхенан гIиллакх

Льамнийн а ду гIиллакх шайн -
Халачу лакхенан гIиллакх.
Лакхе ахь ца яккхахь хьайн,
Кху лаьмнийн воI хьо ца хилла-кх.

Лаьмнийн а ду гIиллакх шайн -
Курачу лакхенан гIиллакх.
Лакхе юхIораннан шен
Дош олуш,деш муьлхха гIуллакх.

Кура ду сан лаьмнийн дог -
Осалла йо кхузахь сийсаз.
Воккхачун пусар вай до,
Кхерчан са - нана ю сийлахь.

Лаьмнийн а ду гIиллакх шайн -
ЦIеначу лакхенан гйллакх.
Лаьмнашкахь цхьа лаьтташ ша
Лекха лам цкъа а ца хилла-кх.

ЦIена ду сан лаьмнийн дог,
Дуккхаъчу къаьмнех бу доьзал,
Уллохь кхин стаг воцу стаг -
Лаьмнашкахь вовр ву-кха доьза.

Лаьмнийн а ду гIиллакх шайн -
Сийлахьчу лакхенан гIиллакх.
Стаг, нагахь стаг велахь ша,
Байракхах сий айдеш хилда-кх!

Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.

Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958 шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.

Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

XS
SM
MD
LG