ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь Iедалан бакъо езо ю бахархойн бакъонел


Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан бакъо елла, Европерачу адамийн бакъонашкахула кхело бина болу сцамаш къобал ца бан. Леррина низам тIеэцна Iедалша. ХIун Iалашонаш а, тIаьхьалонаш а ю оцу хIуманна

Конституцин кхелах долчу низаман бина хийцамаш бу Оьрсийоьнан Iедалша тIеэцнарш. Оцу кхелан хIинца бакъо ю, масала, цхьамма пачхьалкхан тIекхойкхуш Европерачу кхеле арз дича, оцу хьокъехь сацам тIаьхьарчо тIеэцча, иза кхочуш ца бан.

Нагахь санна дуьненаюккъера низамаш кхочуш деш дац аш аьлла, и гIуллакх гIарадаьлча, Iедалан лаккхарчу массо а тIегIанехь: парламентехь а, федерацийн кхеташонехь а, министрийн кабинетехь а, дийцаре дийра ду и гIуллакх. ТIаккха, хадора бу сацаман мах, бохуш маьIан ду оцу низаман чулацамехь.

Массо а пачхьалкхаш лоруш долу дуьненеюккъера низамаш, шай пачхьалкхан низаманна кIела долла хIунда гIерта Оьрсийчоь? Оцу хаттарна, жоп дийхира Маршо радионо «Мемориалан» дуьненаюккъерачу юриста Корротеев Кириле. Цо иштта элира.

Коротеев: Суна ца хета оцу низамо цхьаъ хуьйцура ду аьлла. Кхеташ ду, иза тIеэцнийла, «ЮКОСан» хьокъехь Оьрсийчоьно гIуданаш дIалуш дац аьлла дийцаре дар тIаьхьататта лаам болуш. Нагахь санна хаттахь иза, тхан юстицийн министралло толлура ду иза, тIаккха Конституцийн кхело луьстура ду. Ткъа цуо дехкахь, тIаккха оха ойланаш йийра ю, министрийн комитетаца дийцаре дийра ду. Доцца аьлча, и хIума дийцаре а даьккхина, дахдан лелош ду. И низам, Конституцийца догIуш ца хилар сов, дуьненаюккъера бертийн Венерачу конвенцийца а догIуш дац. Цо тIедожош ду пачхьалкхашна, шаьш тIетайна долу дуьненаюккъера берташ кхочуш дар. Ткъа, Европера конвенцино муьлхачу а пачхьалкхан тIедожош ду, адамийн бакъонашца боьзна мел болу сацам кхочуш бар».

Оцу гIуллакхан леррина Санкт-Петербургехь Конституцийн кхелан декъашхошца цхьанакхийтира Оьрсийчоьнан Президент Путин Владимир. Вай хIара низам тIеэцарх цхьа а цецвала хIума дац. Шай пачхьалкхан низамаш, кхечу пачхьалкхаш а лакхара хIаттадо дуьненаюккъерачу низамелла, аьллера цо.

Оьрсийчоьнан оцу сацамех цецволийла дац, аьлла хета юристан Коротеев Кирилан. Европерачу кхелаш тIеоьцуш болу сацамаш, иштта а кхочуш беш бац. Иштта билгладаьккхира, тоьхна долу гIуданаш дIалура дац бохург-иза ца хилар. Адамийн бакъонаш йохийначу зуламхошна таIзарш деш дац. Иза къаьстина гуш ду «нохчийн гIуллакхашца»,аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Коротеев:

Коротеев: "И сацамаш иштта а кхочуш беш бац. Чекха ца баьккхиначу сацамийн терахьаш-м, дагар дина а вера вац. Цу юккъахь ду иштта Нохчийчуьра гIуллакхаш а, иштта чубоьхкинчу нехан бакъонаш йохаяран гIуллакхаш а. Иштта кхин дIа а, кхин дIа а. Сахиллалца дагар дан мегар ду и гIуллакхаш.«Нохчийн гIуллакхех» аьлча, 2005 шарахь дуьйна, уьш шуьйра листа доладелча, цхьа стаг жоьпе уозийна вац. И гIуллакхаш Европерачу кхело лаьрра адамийн дахаран бакъо йохаяр а, къизалш йина аьлла. Кху итта шарахь цхьа адам дац таIазар дина. Иза ду уггаре а коьртаниг, нахана гIуданаш такхар наггахь тIаьхьадуьсу бохучулла. Оцу низамо къеггина гойту цхьа хIума- Оьрсийчоьнан Iедалшна дуьненеюккъера бакъонаш тIеоьцу, шай пачхьалкхан бакъо санна, ткъа бахархошкара муьтIахь хилар доьху. Иштта тIеоьцу Iедалша адамийн бакъонаш кху пачхаьлкхехь. Кхин дIа а шайна луург лелорхьам деш ду цара иза"

Тахана Европерачу парламентан ассамблеян а, кхечу Европерачу цхьанатохаралшна юккъехь декъашхо санна Оьрсийчоьно еш ю йоккха харж. ХIора шарахь 20 сов миллион доллар ду цо луш. Массийта шо хьалха, Европерачу кхело Оьрсийчоьнна дуьхьала сацамаш бан болийча, цу юккъера дIадовла деза вай, оьшуш а яц и цхьанатохаралла бохуш кхайкхамаш бора оьрсийчоьнан цхьаболчу депутаташа.

XS
SM
MD
LG