ТIекхочийла долу линкаш

Гайтукаева Бана. Тамашийна ду-кх хIара дахар...


Нохчийчоь - Нохчий Соьлж-ГIалахь Оьрсийчоьнан Де даздеш, Мангал-беттан 12-гIа де, 2012

Нохчийчоь - Нохчий Соьлж-ГIалахь Оьрсийчоьнан Де даздеш, Мангал-беттан 12-гIа де, 2012

Гайтукаева Бана

***

Тамашийна ду-кх хIара дахар, хIара адамаш а санна. Адам оьшу-кх адамана. Амма дукха къиза ду-кх вай цу кхетамца, дукха сов гена ду-кх. ХIун ду-теша хIара? Массо а хенахь хир дуй-те иштта?

Суна хета: де дийне мел дели, эшалуш, шаглуш дIадоьду и. Адамаш цхьанхьа сихделла дIадоьлху. Церан йиш яц. Массо а хьаддий-веддий воьду. Иштта лелачохь кхачало вай. Кхачало.

Цкъацкъа тарло суна, хIара дуьне цхьана йоккха йогучу цIерга иккхина олий. Цкъацкъа кхоьру, кхоьру хIара малх кхачабаларна. Дог хуьлу иза дIалачкъо, цунна тIе верта кхолла. Иза ца Iалашбахь, кхана, хIун хаьа, иза ца хьажа а ма тарло. Оцу лазамаша дардина, дуткъдина-кх сан деган хьесий… Сан са лезна кхачаделла.

Кхечу стеган са ду суна чохь дерг. Со…Сайниг кхачаделла, даьгна-хIетахь дуьйна йогучу цIерга иккхинчу хенахь, шелделла дахьийна- хIетахь и малх шелбеллачу хенахь.

Сан бехк бац-кх хIара. ХIай нах, хIей! Хезий шуна? Дукха даха шу делаI, совцийша, совцийша цхьажимма. Соьга ла ца дугIу цара. Уьш дIаоьху, дIауьду: «Хьераваьлла стаг», -олий, суна цIе а туьллий.

Гайтукаева Бана нохчийн гояьлла байтанча яра. Иза дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран чиллан-беттан 23-чудийнахь ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь. 1966-чу шеран гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь иза ВаларгтIерчу №1 йолчу юккъерчу ишколе деша. 1986-чу шарахь ишкол а яьккхина, юьртан библиотеке балха хIоьттира. 1986-1991 дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Оццу 1991-чу шарахь яздархойн Бертан декъашхо хилира Бана. 1994-чу шеран заздоккхучу-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаелира Бана.

XS
SM
MD
LG