ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга юха а мотт баьстина. ХIун хир ду те оцу зудчух?..


Собар кхачош ду Нохчийчохь бехачу нехан.

Оьрсийчуьра коммуналан урхаллаш хьалхарчу могIарехь ю бахархоша аьрзнаш дечу хьукматийх, хIунда аьлча, шо шаре коммуналан мехаш хьаладуьйлу, амма хIетте а сервисан хьелаш толуш дац, проблемаш, шаьш ма ярра лаьтта.

Кест-кеста латкъамаш бо махкарчу бахархоша, хуьлийла и Iаьнан юккъерчу баттахь, я аьхкенан юккъехь, ток, газ дIа а хадайой, хиш совцадой, керла хин биргIанаш хIиттош ду, шаьш, ток Iалашъен гIирс баьгна, олий коммуналан белхахоша, хIусамашкахь йовхо, серло йоцуш, бала хьоьгуйту шайга, бохуш.

ТIаьххьарчу дийнна шерачохь нехан хIусамашкахула а лелаш, тоькан, газан мах, коммуналан ял гулъеш лела Iедало леррина вовшахтоьхна Соьлж-ГIалин администрацера а, коммуналан а белхахой.

Нагахь санна, тIехь декхарш хуьлий, хIусамашкара хи, газ, ток дIахедайо Iедалхоша, хуьйлийла чохь кегий бераш, я заьIапе нах.

Иштта тидаме ца дуьллу декхар бертахь-бертаза бахархошкара даккха арабевллачара, декхар дIацадалар, нахехь ахчанаш цахиларца дозар а.

Петарийн уьченашкахь цIано латториш шаьщ бахархой белахь а, Iедало декхарийла до шаьш нахана ца хIиттийначу хьаштех а ахча охьадилла, бохуш, арз до ша йовзийта, хуучу бахаьанашца, ца лиъначу Соьлж-гIалин цхьана яхархочо.

Цхьана баттахь йолу а, йоцу шайнаш вовшахтухий, тIера доккху декхар, ткъа вукху баттахь кхин а мах хьала а боккхий, са бIарздой хьийзабо нах.

Оцу харцоно са кхачийна дуккхаъчийна Нохчийчохь бехачу нехан. Кху дношкахь социалан машанашкахула Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга шен мохь-арз кхачон гIерта махкара цхьа яхархо.

Маршо Радио зIене елира Нохчийчуьрчу коммуналан министраллица. Оха хаьттира, коммуналан белхахоша нехан хIусамашка а лелаш, гIиллакхах а бухий, нехан хIусаме леста шайн бакъо йоццушехь, ахчанаш лехьош лела, ца делча, серло, газ, хи дIахедадо боху. Иза мел бакъ ду? Бан а буй нахана а, шуна а товрболу некъ и декхарш схьагулдан?

Доккха са а даьккхина Маршо Радион хеттаршна жоьпаш делира министраллин цхьана декъан куьйгалхочо Мускаев Руслана.

Хууш ма-хиллара, Iаьржа а, кIайн а цхьабосса бакъо йолуш деха кху дуьненахь. Гуш ма-хиллара, шайн бакъдерг ду газах, серлонах дIадала ахча доцчу могIарчу нехан. Шайн бакъдерг ду оцу нахехь ахча ду-дац бохучух а ца ловзуш, цьаргара иза даккха хIиттийначу Iедалхойн.

...Ткъа ватсапехула Кадыровга къамел дечу зудчух хиндерг? Иза ду-кх уггаре а сагатдийриг кху сахьтехь.....

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG