ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкадаьттана экспорт яр хьокъехь низам тIеэцна Iамеркин конгрессменаша


Iамеркан Конгрессан векалийн чоьно къобулдина Iедална болх бан оьшуш долчу ахчанан барамах лаьцна а, 40 шарахь дихкина хилла Iамеркан мехкадаьттана экспорт ян бакъолуш долу а низамаш. Iамеркин администрацина болх бан 2016-чу шарахь луш ду кхо триллион сов доллар.

Ял ялар аттачу доккхуш ду болх беш болчу доьзалшна а, ткъа иштта бизнесна а. И низамаш тIеэца деза аьлла кхаж тесна 319 конгрессмено. 113 – дуьхьал хилла. ХIинца и документаш дIахьовсийна Сенате. Цо къобулдахь уьш дIалур ду куьг таIо президенте Обама Бараке.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG