ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еврокомисси реза ю Украинин махкахошна визан раж дIаяккха


2016-гIа шо долалуш Украинин бахархошна визан раж дIаяккха еза аьлла сацам бан мегаш бу Европан комиссино. Иштта жамI ду Еврокомиссино кечдинчу 6-чу рапортан. Цу рапортана тIехь дуьйцуш ду украинахошна визанаш дIаяхар Iалашонца кечйина план кхочуш ярх лаьцна. Цу документан текст зорбане яьккхина Еврокомиссин сайт тIехь.

Цу тIехь дуьйцуш ду Украино Евробертаца визан раж дIаяккха оьшуш дерг дерриг а кхочуш дина хиларх лаьцна. Еврокомисси Украиница визанаш дIаяха кийча ю Евробертан а, Украинин а юкъаметтиагаш дика хилар тергоне а эцна. ТIедогIу шо долалуш Еврокомисси дагахь ю Евробертан кхеташоне оьшуш долу кехаташ дIахьовсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG