ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзанна ца товш хIума аьлларг, сихонца вадавой, цунна тIе а кхачавой, ткъа цо иза ерриг а Нохчийчоьнна хьалха юьхьIаьржахIоттор махкахь муьлхха а вахархо воьлла сурт ду. Ткъа хIинца, рогIехь иштта нисделлачо, гIовттийна дуккха а нах.

Теркйистерчу Iели-Юьртахь боберийн цIийнахь хьехархо йолчу Инаева Iайшата ватсапехула Кадыровна лерина динчу къамела тIера доладелла дерриг а.

Адамашна хьайна ахь лелае моттаргIанаш, спортхошна, иллиалархошна ахчанаш лестор. Баледаьлла белхалойн алапанаш чусецор, хьаькамаш рицкъанах букъбелла, къехой къоьлло хьийзабо.

КIордийна и хьелаш, Рамзан Ахматович, кIеззиг нехан бала кхочуш а хила! Деношкахь хенал а хьалха, серлонах, газах, хих ахча охьадилла аьлла нахе. Иза а ма ю харцо!

Доцца аьлча, иштта бара Инаева Iайшата ватсапехула даржийначу къамелан чулацам.

Зуда де а далале карийна ялийна Кадыровна тIе. Латийна телекамераш а йолуш, гонаха хевшина шен доттагIий, Iедалан дай, ша даима а уллехь лелаве Iеламча а волуш, барт хоттуш ву мехкан администратор.

Цо доьху бос а бахьийна, ерриг а ша-шена чу а яхана йисинчу зудчуьнга, дийцахьа суна а, махкана а, ас хьанна къола дина, со стенна тIехь галваьлла.

Инаевас ша хьераяьлла а ю, шена шен багах доцург муха даьлла а ца хаьа боху. Цунна чу шайтIадоларна ша бехке ву, ша дола ца дина шен зудчун дан ма-доггIу, къинтIера валахьара шена, паччахь, боху Инаева Iайшатан майрачо а.

Телекамершка жоп луш кхохкийна, йилхина бIаьргаш а тIунбелла ю иза, амма цо а вазво ша кхин доккха таIзар ца деш йитарна «паччахь».

РогIера ватсап-персонаж – шен цIе а ца йоккхуш, Инаева Iайшате йист хуьлу зуда. Ша махкахь ехаш а яц, амма ша мохк хазбелла, кхуьуш схьабогIуш йоккхае, ша сийдо Кадыров Рамзанан, цо къам ирсе дина, даха хаийна, боху оцу зудчо.

ЦIеххьана санна нисделира шоьтадийнахь ватсапехула шен къамел даржош мескар-эвлахочо Ахъядов Iисас.

25 шо а, 5 шо а хьалха Нохчийчохь леллачу хиламийн а декъахь жигархо волчу цо ша вехачу Страсбергера даржадо Iела-Юьртара хьехархо Инаева Iайшат емалъечу зудчуьнга дош.

БIаьрг белла, хьажа хиллачуьнга, лелачуьнга, хилларг хIун дара гонаха нах муха беха, тIаккха кхетар ю хьо Кадыров Рамзан масмалик доцийла, боху Ахъядов Iийсас.

Ткъа Кадыров Рамзана ца хийци шен тактика. Юха а, аьлча а, масситтаза нах гулбо телевизионе. ХIинца цаьрга емалвойту, пайдабоцчу вохуьйту, неIалте верзавойту Страсбургера Ахъядов Iийса.

Кадыров Рамзанна муьтIахьалла доггаха гойтучу полицин хьаькамаша, кхучу нах луьттучу хьукматашкарчу хьаькамаша сихонца схьагулбо Мескар-Эвлара АхъядовгIар – церан тайпан хьалханчаш а, Ахъядов Iийсан ваша а.

Массаьрга а цхьабосса, адам данне а дац Кадыровна луьйш волу Iиса бохуьйту масситта сахьтехь телевизионашкахула.

Амма нах, кхерабелла, совцучу меттана, хецало, хецало, аьлча а, ватсапхой, вайберхой, инстаграмхой, кхиболу фейсбукхой.

Кадыров Рамзан а, цуьнан Iедал а емалдо тахана мало мел ца ечо. Ткъа теледовхоттийлаш а ю лаьтташ, лоьцуш «паччахь» шех олучунна тIеидабо ватсапехь, къаьсттина ватсапехь, цунна товш доцу дош мел аьлларг.

Цхьанна тIера-м – иза Эвтарара жимха ву - хеча а тIехь яьккхина кадыровхоша. Цо аьлла хиллера хьастагIа Путинна, иза шен президент вац, цо нохчийн хIаллакбина, аьлла.

Ткъа Фесбукехь яржийначу хеча хIинца шена тIехь а йоцучу цо боху, Путин шена дукха а веза, иза шен воцуш ца тору президент а ву.

ТIехь хеча йолучу юкъанна Кадыровна а, Путинна а ала верг, тIера хеча яьккхича бехк а бац оцу шина паччахьна и ший а, ваъал реза хилча а.

Ца лаьа вала цхьанне а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG